Урокан ц1е. Гацаев Асламбекан Саь1ид . «Йише Маржане».
методическая разработка

Луиза Магомадова Истамуловна

Кхоллараллин хьесапаш.

Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.

Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина схьаделлар, тайп-тайпанчу тассаман некъийн юкъаметтиг гайтар. Произведенин турпалхочун дог-ойла хаарехь кхиор, авторан турпалхочуьнца а, хуьлуш долчуьнца а йолу юкъаметтигаш гуячуяхар.

«Сурт дилла» 1аламан суьрташ, яло царна музыкальни характеристикаш, барта сурт х1оттор. Къамел кхио а, кхоллараллин ойла ян а г1о дар.

Урокан г1ирс:учебник,дехкина суьрташ,мукъамаш, А.С.Пушкинан «Зимний вечер» стихотворенин текст,компьютер,у.

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл gatsument_microsoft_office_word_2.docx84.11 КБ

Предварительный просмотр:

Нохчийн литература 11 класс.                  13.02.21ш

Урокан ц1е. Гацаев Асламбекан Саь1ид . «Йише Маржане».

1алашонаш:

Кхеторан:

Гацаев С. «Дарц» стихотворенин идейно-тематически чулацам бовзийтар.

Кхиоран:

Стихотворенин исбаьхьаллин талам бар.

Кхетош-кхиоран:

1аламан хийцамашка берийн тидам т1ебахийтар. 1аламе болу безам ч1аг1бар.

Кхоллараллин хьесапаш.

Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.

Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина схьаделлар, тайп-тайпанчу тассаман некъийн юкъаметтиг гайтар. Произведенин турпалхочун дог-ойла хаарехь кхиор, авторан турпалхочуьнца а, хуьлуш долчуьнца а йолу юкъаметтигаш гуячуяхар.

«Сурт дилла» 1аламан суьрташ, яло царна музыкальни характеристикаш, барта сурт х1оттор. Къамел кхио а, кхоллараллин ойла ян а г1о дар.

Урокан г1ирс:учебник,дехкина суьрташ,мукъамаш, А.С.Пушкинан «Зимний вечер» стихотворенин текст,компьютер,у.


Урокан некъ.

1. Дешаран г1уллакхдарна ойла т1еерзор.

Де дика хуьлда шун! Таханлера урок цхьа шатайпана хир ю вайн.

Ладог1а х1окху притчин чулацаме,дика ойла а е, даста маь1на а.

(притча)

Вехаш вара ши лулахо. Т1едеара 1а,охьадиллира ло. Хьалхара лулахо 1уьйрре араваьлла баьхьа а эцна,шеен ц1ийна т1е боьду некъ д1ац1анбан.

Д1ахьаьжначу кхунна гина,кхуьнан лулахочун ц1ен т1е боьду некъ ц1анбина хилар.

Шолг1ачу буса а диллина дикка ло. Юха а,кхин а 1уьйрре араваьлла лулахо шеен болх бан. Д1ахьаьжначу кхунна – юха а ,ц1анбина лулахочун некъ гина. Кхоалг1ачу буса шортта диллина ло. Кхин а хьалхе араваьлла лулахо,ло д1адаккха,амма лулахочун некъ шарбина карийна.

Оцу дийнахь,арахь, вовшахкхетта ши лулахо. Цхьацца къамелаш динчул т1аьхьа,хьалхарчу лулахочо хаьттина: «Ванах, и ло дй1адаккха маца лараво хьо?»- аьлла.

Цкъа юьхьанца цец а ваьлла,юха,велавелла лулахо:

- Аса цкъа а ца доккху ло д1а,со волчу хьошалг1а оьхучу доттаг1аша шарбо и некъ!

Х1окху притчин нийса маь1на муха дийр дара аш? Ц1е х1ун тилла мегар дара?Х1ун ду дахарехь коьрта стагана оьшург?


Класс кхаа тобане екъна ю.

Тобанашна дина т1едилларш:

1–чу тобанна – «Дарц» стихотворенин 1 я 2 б1ог1ам оьрсийн матте баккхар.

2 –чу тобанна – суьрташ дахка.

3 –чу тобанна – оцу суртаца бог1у мукъам лаха.


2. Ц1ахь бан белла болх таллар.

А) Хаарийн актуализаци яр (коьрта я мехала долчунна т1е тидам бахийтар).

Дагадаийта шайна, д1аяханчу урокехь стенах лаьцна дийцира вай? Исбаьхьчу поэзин дуьнене кхача лаьий шуна?

Б) Стихотворени ешар,цу т1ехь болх бар. Дешархоша барта (дагахь) йоьшу «Дарц» стихотворени. Хаттаршна жоьпаш ло.

Муха сурт дуьхьалх1уьтту шуна? Муха гайтина автора 1ай хьоькхуш долчу дорцан сурт? Муха дог-ойла кхоллало шун?

Хьан эр дара аш, муьлха меттан исбаьхьчу г1ирсех пайдаэцна поэта? Шийла чимаш – эпитет

Г1ийла узамаш – эпитет

Буьрса ц1ийзаш – олицетворени

Букмий хьийзош – олицетворени

Лаьтта ийзош – олицетворени

К1айчу суьртах – эпитет

Суьртах тарйина – метафора

Хьоза, пелаг санна – дустаран карчам.

Лайлахь нека до – олицетворени

Г1ийла ц1ийзаш – олицетворени

К1айчу лаьтта – эпитет.

1аьнан 1аламах лаьцна, кхечу авторан стихотворенеш хаьий шуна?

Мамакаев 1аьрби «1а», Сатуев Хьусейн «1аьнан суьйре»….


Х1окху стихотвореница йог1уш муьлхачу оьрсийн поэтан стихотворени хаьа шуна?

(А.С.Пушкин «Зимний вечер»)

Х1окху стихотворенин а, «Дарц» стихотворенин а цхьана дог1уш дерг х1ун ду? Муьлхачу исбаьхьаллин г1ирсаша т1е1аткъам бо цара гайтина долу сурт къегина б1аьргаш дуьхьал х1оттарна?

Х1ора тобанна т1едехкина декхарш ду. Хьовсур ду вай, аш х1ун дина.

Хьалхарчу тобано гочдина мог1анаш довзуьйтур ду. Ладуг1ур ду вай.

Кружатся, небо застилая,hello_html_m32fbb062.jpg

Снежинки, поднимая вихрь.

И ветер, грустно завывая,

Сгоняет следом в пропасть их.


И тропы без следа исчезли,

Все замело вокруг села.

Идет домой девчонка еле-

Как призрак вся белым бела…

( перевод Борхаджиева Х.)

Шолг1ачу тобано дехкинчу суьрташка хьовсур ду вай.

Суьртийн гайтам бар. Кху суьртех уггар ч1ог1а х1окху стихотворенин чулацамца дог1уш дерг муьлха ду? Оцу стихотвореница дог1уш долу сурт иллюстрацина магадо.

Кхоалг1ачу тобано кечбинчу мукъаме ладуг1ур ду вай.

Хила йиш йолу варианташ йовзуьйту. Тоьлларг (бег1ийланиг) билгалйоккху.


Дехкинчу суьртийн а, стихотворенин чулацаман а, мукъаман а цхьанадог1у сурт х1оттор.

Жам1 дар.

- Бераш,тахана урокехь х1ун билгалдели вайна?

- Тахана вайна билгалдели, вайн меттан хазалла оцу исбаьхьчу г1ирсаша муха гойту а, церан т1е1аткъам ч1ог1а хилча 1аламан сурт къегина муха кхоллало а.

- Х1инца,аша х1окху урокана синквейн яло луур дара суна.

Дарц.

Шийла,сингаттаме.

Хьоькху, ц1ийза, хьийзадо.

1аламан исбаьхьа мур.

1а.


Рефлекси.

Дика ду,бераш! Шу дика кхета говза кхоьллинчу поэтически текстах. Шуна муха хийти таханлера урок?


Ц1ахь бан болх балар.

Проверен:зам по УВР___________З.М.Бимурзаева.


По теме: методические разработки, презентации и конспекты

бадуев саь1ид "зайнди"

"зайнди" дийцаран лерина тест...

Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.

Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш....

Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма.

Урокан ц1е: « Аружа»-исторически  хиллачийн  буха  т1ехь  язйина  поэма....

Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»

1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.Кхочушдан лерина жам1аш:1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.2.Метапредметни:- Регул...

Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969

1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къо...