Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма.
методическая разработка (8 класс) на тему
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма.
Скачать:
Вложение | Размер |
---|---|
master_klass_-_aruzha_marhet.doc | 59.5 КБ |
Предварительный просмотр:
Бисмиллах1иррохьманиррохьийм!
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма. Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.
1алашо: Лирически турпалхочух долу хаарш к1аргдар: поэми т1ехь лирически турпалхочух халкъах, махках йолу ойланаш йовзар: къаьмнашна юкъарчу бартан беркат довзийтар, дебор.
Урок д1аяхьар.
1.Урокан 1алашо йовзийтар.
2.Ц1ера болх
-Поэмина ц1е Аружа х1унда тиллинера?
-Вайн кхетамехь Аружа ц1е муха йисинера? («Сийлаха» поэми т1ехь?)
-Муьлхачу произведенешца доьзна дара и?
-Аружа…Аружаг1ар б1аьрг сирла бацахь.
-И мог1анаш дог1ий х1окху поэми т1ерачу Аружина?
3.Массо а х1ума цкъа цхьамма некъ бало, баста, доло дезаш нисло.
Дуьххьара нохчийн литературехь махках дахаран тема юкъаялийнарг мила висира?
Жоп: Сулаев Мохьмад «Товсолта ломара д1авоьду», 1966ш.роман «Лаьмнаша ца дицдо» 1990ш.
«Аружа» поэма кхечу махках дахарх лаьцна хиллачу произведенех къасташ дерг х1ун дара? Х1ун башхалла ю оцу поэмин? (169 стр.)
- Керла тема йовзийтар.
Х1инца вай тобанашкахь болх барца лехамашкахь карийнарг толлуш, поэмица юзуш болх д1ахьур бу.
«ИЭС»
Тхан тобан ц1е «Иэс» тиллина оха дахарехь хилларг вайн иэсехь дуьсуш хиларна, массо а х1ума иэсо цхьана кепе далорна «Дахаран некъашна» серло лург иэс хиларна.
«Иэс» тобана т1едиллар дара вайн темица дог1у хаарш гулдар, х1ун ду шуна карийнарг.
Поэма исторически х1унда лору (эшар, доклад, сибарех дахарх лаьцна)
Лирически турпалхо хьанах олу. 121стр. «Орга 2006(4)»
Дахаран некъаш»
«Иэс» самадоккхург, ойлане доккхург дахаран некъаш ду, цара дашца а доцуш зерашкахула д1ахьуш ду «Дахаран некъаш».
- Шуна зеделларг х1ун дара? Произведении т1ехь масалш далор (Аружин майра т1ам т1е вахийтина хилар).
- Вайн исбаьхь. литературехь цара (иэс тобано) дийцинарг т1еч1аг1деш масалш далор дарий аш?
Жоп: Нохчаша кхидолчу къаьмнаша санна лаьцна дакъа гайтина вайна хьалха 1амийначу произведенехь а:
Масала: «Товсолта ломара
д1авоьду» романехь («Лаьмнаша ца дицдо») гайтина Эскинойн бахархоша лаьцна дакъа, цара т1емалошна т1еюха йовха бедарш йохьуьйтура танк эца ахча гулдира, цара шайн уггаре тоьлла к1ентий Даймехкан декхаран д1абелира.
1алавди Шайхиевн «Лазаман лорах» поэми т1ехь гайтина Даймахках валаран къаьхьо а, халкъан г1айг1а- бала а.
Керла тема.
- Тахана урокехь вай листа езар ю «Аружа» поэми т1ехь лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.
- Мила ву лирически турпалхо?
(Жоп) Поэми т1ехь лирически турпалхо халкъах, махках йолу ойланаш толлуш болх д1аболор бу вай (йоьшуьйту 441 аг1о).
- Х1ун гайтаделла цунна?
Жоп: Халкъера сингаттам, бала.
Хьехархо: Шайгахь йолчу г1айг1а- балина мацалла, шелонна, цамгарш- т1е цаьргахь кхин цхьа йоккха г1айг1а ю-кх: Х1ун г1айг1а ю и? Даймохк, а мичахь бу?
«Шен юьртахь г1илачийн терго наха
Ткъа х1ара хийра мохк 1а шийла мохк.
- – Халкъана хоьттина хаттар. Бехкениг мила ву? Цунах йоьвза лирически турпалхочун ойланаш схьакарае .
- Жоп: 443-444
Мила ву бехкениг? Хьаьнца ч1ир лаца?
Сталин ву я Бери? Хьенан бу бехк?
Ший а ву цхьатерра, шинне ду вацар,
Шиннан а дайна сий, дац церан эхь
К1еззиг бен хан ца луш вагонаш юьзна,
Боьхачел бехдина дерите къам,
Даймахках бехира, баланах буьзна,
Вайнах а, маршонан т1ам.
-Байлахь бисинчу Даймахкан сурт муьлхачу дешнашца схьагайтина ? Жоп. 444-445 аг1о
Ярташ а йисира, ж1аьлеш ауг1уш,
Хьайбанийн маьхьарша 1адийра мохк.
Дайн кешнаш дисира чарташ а духуш,
Массеран б1аьргаш чу дижира дохк,
Генарчу Г1ум-Азе вагонаш текхаш ,
Маса бер, зуда, стаг каш доцуш вай?
« Кхоьллинчу Дала тхан оьцийла бекхам !»
Хийламо сардамца дош эли шайн.
Кхераме мостаг1чул балане лаьцна
Арене б1аьрг тоха, пурба ца луш.
Парг1ато лехначийн лаамаш хьаьшна.
Дог1ура дерриге, хиндерг ца гуш.
Сецначохь деттара маьхьарий ара:
«Мичхьара далош ду, адамаш, шу?»
«Г1ойт1ера!» «Гихтара!» «Бердак1елхьара!»
«Тхо а ду Шуьйтара!«Соьлжера ду!»
«Гора-я1, сан Даймохк, биси хьо баьсса!
Кхин тхуна хьо юха гур а буй те?
Цкъа а къурд бер буй те Органах,Яьссех?
Я иштта 1аржделл хир ду те де?
Байлахь бисинчу Даймехкан сурт кхин муьлхачу произведенехь дагадог1у шуна
Жоп: 1алвади Шайхиевн: « Лазаман лорах»/ 396.
Ц1еххьана стигла а т1еелхош,
Ерриг а Нохчийчоь елхош,
Дилхира илли, ца лайра,
Къух даьлла, чарташ а бухдаьхна,
1овжам беш дагна, тийначу кешнийн къа цо.
Ткъа чарташ, д1о г1алин некъашкахь
Г1алахойн когийн ч1аг1онаш хилла,
Шийлачу маьхьарца ц1ийзара,
Дайн коьрте д1ах1итта йоьхуш бакъо.
Доьлхура илии, доьлхура илли,
Ерриг а Нохчийчоь елхош.
- Оцу халчу муьрехь халкъ муха гайтина?
Жоп: Иза 1азапехь, балехь, г1елонехь ду, делахь къинхетам дегнашкахь бисина хилар хаало ша холчохь йолчу Аружал цхьа дисина буобер т1елаьцча. Аружин х1усам- дегара кехат даран кхаъ хиларо, дикане сатасаран з1идиг тосуш санна хетало. /447-448.
Ц1еххьана кхаъ беа малхбузехьара,
Дара т1ехь яздина: «Буьрса бу т1ом.
Х1ун хилла? Хийла шоь кехат ас язди,
Ткъа дог1уш дацара цхьанххьара жоп.
Селхана эли соь эпсаро къайлах:
«Нохч-г1алг1ай бехкина арабаьхна
Берриге д1абигна генна малхбале
Иза хьоь ала а бакъо яц сан».
Шийлачу хаамо ша билли кийра,
Сацам-тем байна сан, кийрахь ю бог.
Сатуьйсу т1екхаччалц дисаре дийна,
Аружа, ледар ма хилалахь хьо
Дозане кхаьчна тхо, толам бу герга,
Дег1аца чевнаш ю, буьрса бо т1ом.
Амма 1ийжа сан, хезчхьана лерга
Вайн махкахь шу дахар, баланехь го.
Со санна эзарнаш Нохч-Г1алг1айн к1ентий
Леташ бу, леш а бу, ларбеш шайн мохк.
Орденаш ,медаллаш некха т1ехь лепа,
Кхералуш, цхьа юха ца ваьлла тхох.
Вайн лулахь ехачу гергарчо кеха
Даийти билгалдеш шу кхаьчна юрт»,-
Иштта д1а кхин дара яздина деха,
Дара чудиллина салтичун сурт.
-Кешнех лаьцна х1ун мог1анаш ду поэми т1ехь: \448.
Д1о лекхчу гу т1ехь ду цхьа башха кешнаш.
Вайчарел генара къаьсташ ду уьш.
Чарташ дац х1иттийна, йоза дац деша, Велларг гац, вай санна, барам тйехь хьуш.
6. Цо х1ун гойту?
Дег1ехь ницкъ цахилар, чарташ цадог1ар.
- Шен доьзална нопха лаха араяьллачу Аружех х1ун хилира?
Жоп :(барта жоп)
-Каминданта динчу къамело х1ун гойтуш дара?
Жоп. 450-451 аг1о.
- Аружа лаьцна д1айигча, цуьнан доьзална орцахваьлларг мила вара?
Жоп: Алымкхан
- Шаидин кхин муьлха произведени дагайоуьту вайна оцу г1иллакхо?
Жоп: «Дика а шен ду, вон а ду шена».
(Легенда)
-Аружас буоберан хьаьстина дог. Аружин бераш т1ехь да- нана доцуш дисича Дала диканца доькху. Цуьнан берийн 1уьналла дан къинхетаме дог долу Алымхкханан орцах яларца доькху Дала.
Дика а шен ду, вон ду шена.
7.– Т1аьххьара мог1анашкахь лирически турпалхочун ойланаш муха ю?
Жоп: 445-457.
И къовсам къаьмнашна юкъахь хетта шуна я ца хета. Х1ун къовсавм бу аьлла хетта шуна?
Жоп: Къинхетам тоьлла аьлла хета.
-Таханалерчу дахарехь и къовсам д1абаьллий? Х1ун масалш далур дара шуна ?
Жоп: Рамзанас буоберийн доладар, з1аьапхойн тергам бар.
Урокан жам1дар.
- Х1ун хии вайна урокехь?
- Ш.Рашидовн « Аружа» - исторически хиллачийн бух т1ехь язйина поэма хилар.
8.- Аружа муха юьцу поэми т1ехь?
Алымкхан мила яра цу поэми т1ехь?
Ц1ахь бо болх.
Рашидов Шаидан «Аружа» поэма еша, чулацам схьабийца.
По теме: методические разработки, презентации и конспекты
Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш....
Урокан ц1е. Гацаев Асламбекан Саь1ид . «Йише Маржане».
Кхоллараллин хьесапаш.Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина с...
Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»
1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.Кхочушдан лерина жам1аш:1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.2.Метапредметни:- Регул...
Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969
1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къо...