Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
план-конспект занятия (8 класс) на тему
Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
Скачать:
Вложение | Размер |
---|---|
dolah_a_yukara_a_ts1erdeshnash.docx | 21.49 КБ |
Предварительный просмотр:
Урокан ц1е: Долахь а, юкъара а ц1ердешнаш.
1алашо: 1) дешархошна шайн хаарш низаме дало хаар;
2) ц1ердешнаш долахь а, юкъарчу а тобанашка декъаран билгалонаш йовзар;
3) нийсаяздаран бакъонаш йовзар, йозанехь церах пайдэца хаар. Кхечу къаьмнашка лерам кхоллар; дешархой къинхетамечу ойланца кхиор.
Урокан г1ирс: компьютер, проектор, экран, презентаци.
Урок д1аяхьар
Урокан кечам бар:
Дешархойн де дика дар.
«1аьнах ма кхера: цунна т1аьххье б1аьсте йог1уш ю, гуьренах кхера; цунна т1аьхьа 1а дог1уш ду,» - олуш хилла вайнаха.
Деха 1а д1адели, вай сатийсина исбаьхьа б1аьсте т1екхечи. Набарха даьлла 1алам денлуш, шеца цхьаьна вайн ойланаш самйохуш, дикане, сатесна адамаш самукъане ган дуьйлало.
Цундела, сема хир ду вай таханлерчу урокехь, беркате з1ийдигаш хоьцур ю х1окху уроко вайн дешарехь, б1аьстено 1аламехь санна.
II Карладаккхар.
Массо а х1ума д1алистина хила деза. Вай 1амийнарг а ду ойланехь д1алистина хила дезаш 1илманан дакъйн терхеш «кегор» ю вай.
Ловзар. Д1анисде шайн терхи т1е. Терхи- полка
1.Х1ара бакъо стенан ю?
1) Элпаш а, церан нийсаяздар а 1амадо( графика).
2) Меттан дерриге а аьзнаш 1амадо ( фонетика).
3) Дешнийн цхьанакхетарш а, предложенеш а 1амайо (синтаксис).
4) Меттан дерриге а дешнаш 1амадо (лексика).
5) Дешан а х1оттам а, кхолладалар некъаш а 1амадо (дошкхолладалар).
6) Къамелан дакъош 1амадо ( марфологи).
III. Керла коьчал йовзийтар.
- Х1инца морфологи 1амор д1а а хьуш болх д1ахьур бу вай. Ткъа и дийцале оьрсийн яздархочун, А.П. Чеховн « Ваьнка» ц1е йолу дийцар карладоккхур дара, цадевзачарна довза а довзуьйтуш.
Исс шо долу Ванька Жуков, кхо бутт хьалха мачаш тоеш волчу Аляхине д1ало, корматалла 1амо. Цуьнан да-нана дац. Шен ненада ву цунна бовхачу безамца дагаоьхург. Шен къа-бала балхош кехат яздой и кехат конверта чу а дуьллий т1ехула адрес яздо цо:»На деревню, дедушке» ( юьрта, ненадега). Жимма 1ай, т1етуху цо Константин Макаровиче.
- Бераш, шуна х1ун аьлла хета, кестта д1акхаьччий те и кехат?
- Х1унда?
( Оцу т1ехь юьрта ц1е а яц, стеган фамили а яц).
- Оццал мехала дуй уьш хаар?
- Тахана вайна урокехь довза дезаш дерг х1ун ду?
(долахь а, юкъара а ц1ердешнаш).
- Шуна хьалха ши б1ог1амалг дешнаш ду.
Царна ц1е туьллур ю аш.
ц1е Махмудов
ден ц1е Энгель- Юрт
фамили 1ела
юрт Ахмадович
к1ант Гумс
хи Гуьсан
г1ала Диэба
етт Шела
ж1аьла Ч1ама
эса Чайра.
- Маь1ница дог1у дешнаш дуьхьал язде.
- Муха яздан деза вай и дешнаш?
- Х1унда декъна и дешнаш иштта?
3)Д1аяздинчу дешнашна дуьхьал даладе дог1у долахь дешнаш.
книга
стихотворении
басня
газет
сурт
кинофильм
спектакаль
- Муьлхачу башхаллица цхьанатоьхна вай и дешнаш?
(Церан ц1ераш доккха элпанца яздина а ца 1аш, кавычкаш юкъа лаца еза).
Еша 50-г1а &
(г1еххьа аз а хозуьйтуш, массара а йоьшу).
IV. Физминот.
Маьлхан серло яржале –
1-2-3
Г1енаш лахка, човхаде-
1-2-3
Йиша, ваша г1аттаде-
1-2-3
Физзарядка йолае-
1-2-3
1-2-3
1-2-3
Меттахвала, кхоссало
1-2-3
Г1аж схьалаца, кхозало-
1-2-3
Куьйгаш айба, волало-
1-2-3
Ницкъ бохьур бу боларо-
1-2-3
V. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Х1инца вай дешархоша тобанашкахь къовсам д1ахьур бу.
Маьлхан з1аьнарш Зезагаш
Юкъара Долахь.
Слайдаш т1ехь болх.
Сурт д1агойту « Маьлхан з1аьнарийн» тобано х1уманан юкъара ц1е д1аязйо, «Зезагаша» царна муьлха а долахь ц1е туьллу.
Юрт, г1ала (гудермес), йо1, к1ант, маьждиг (горозный), газета (гумс ), журнал (стела 1ад), хи, урам, хьукмат.(школа)
- Ас дешнаш гойтар ду,аш шайн тобанна дог1у дош схьаоьцур ду, къовса а тарло уьш.
т1аус х1ири Слов. болх
аьрзу г1умки г1ирг1а- ястреб
леча 1аьнди маржан- коралл
кхокха соьли самарт- изумруд
зезаг нохчо
марха наж
седа жовх1ар
маккхал жайна
г1ирг1а маржан
човка пет1амат
самарт
-Иштта техкинчу ц1ераша х1ун гойту вайна?
- Къаьмнийн вовшашка болу лерам.
- Майралла, 1аламе болу безам.
- Хазаллин сий дар.
3) Хаарш таллар.
Кхочушдо 234-г1а шардар.
Долахь ц1ердешнаш доккхачу элпаца а яздеш, д1аязъе дийцаран кийсак.
VI. Рефлекси
Х1инца вай 1амийначух беа мог1анца рефлекси йийр ю.
Кхетам ц1ердош
Хаьа х1ума билгалйо
Хии долахь, юкъара
Хаа лаьа кхин йолу грамматически билгалонаш.
1 2 3 4
А «?» а ↔
VII. Ц1ахь бан болх.
- 1алашо 50-г1а &
- Кхочушдан 235-г1а шардар.
По теме: методические разработки, презентации и конспекты
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма.
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма....
Урокан ц1е. Гацаев Асламбекан Саь1ид . «Йише Маржане».
Кхоллараллин хьесапаш.Стихотворени нийса эстетически т1еэца г1одар. Къамелан тассаман къастош ешаран аг1онаш ч1аг1ъяр.Дешархойн вастийн дуьнене бигар, хила тарло некъашца васт кхоллар. Васт дуьззина с...
Урокан ц1е: «Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»
1алашо: х1ун башхалла ю цхьалин терахьерчу а,дукхаллин терахьерачу а ц1ердешнашна юккъехь.Кхочушдан лерина жам1аш:1.Предметни:берашна 1емар ду цхьаллин,дукхалин терахьаш къасто.2.Метапредметни:- Регул...
Урокан ц1е :Хамидов Хьамидан 1абдул Хьамид.1920-1969
1алашо: : Яздархочун исбаьхьаллин произведенеш йовзийтар.Пьесин дIахIоттам бовзийтар . Даймохк ларбан хIиттинчу бIаьхойн майралла, турпалалла билгалъяр. Пьеси тIехь Хамидов 1-Хь кхоллараллин къо...