«Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх».
презентация к уроку (8 класс)
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: Ящуркаев Султанан дахар а, кхоллараллин некъ а бовзийтар, цуьнан повесть «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх» йовзийтар;
кхетам – кхиоран: Даймахке болу безам к1аргбар.
Скачать:
Вложение | Размер |
---|---|
pr._lit._8_kl._yashurkaev_mark1azh_-_bodan_t1eh_k1ayn_hokh_1.pptx | 2.94 МБ |
Предварительный просмотр:
Подписи к слайдам:
1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер , 1амийнарг карладаккхар ; к хиоран : Ящуркаев Султанан дахар а, кхоллараллин некъ а бовзийтар , цуьнан повесть «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх » й овзийтар ; к хетам – кхиоран : Даймахке болу безам к1аргбар.
Урокана эпиграф: «... Т1ех1оьттинарг д1а ца кхехьча ца долу ...».
Ойла т1ейерзор . Эпиграфна далийнчу мог1анашца берийн ойла дешарна т1ейерзайо . Д1адеша , таханлерчу вайн урокана далийна дешнаш . Х1ун бахьана ду уьш иштта далор ? - Хьенан лазам бу цу дешнашкахь буьйцург ? - Тахана х1ун дийр ду вай урокехь ? - Вай бан безачу белхан 1алашо х1оттайе вай ? Повестан коьрта хилам муьлхачу заманахь д1абоьду ? ( Урокан 1алашонаш, декхарш дешархошка шайга билгалдохуьйту .)
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур . Ц1ахь бина болх таллар . 1. Бераша схьабуьйцу « Нашха » поэмин чулацам ? 2. Хаттарш : - Х1ун хаьа шуна Нашхах лаьцна ? - Вайн генарчу дайша Нашха мичахь йиллина , боху авторо ? Муха амалш йолуш адамаш хилла цигахь даьхнарш ? Х1ун дезарш хилла цара деш ? - Х1ун бахьана ду Нашха , хьаша т1еэца стаг а воцуш , йаьсса хиларан ?
Ящуркаев Султан Сайд1алиевич ( 1942 – 2018)
1. Яшуркаев С ултан вина 1942 – чу шарахь Веданан к1оштарчу Хорача – йуьртахь ахархочун доьзаллехь . К1ентан ши шо дара, шен къомаца и махкахвоккхучу хенахь . Цуьнан бералла а, кхиар а д1адахара Казахстанехь . Шен халкъаца цхьаьна Даймахка вирзинчул т1аьхьа Султана йуккъера школа чекхйаьккхира . Нохчийн матте а, литературе а болчу безамо иза валийра Нохч – Г1алг1айн хьехархойн институтан филологин факультете деша . 1974 – чу шарахь МГУ – н юридически факультет чекхйаьккхинчу т1аьхьа белхаш бина талламан а, бакъонаш ларйаран а органашкахь . С. Яшуркаевн байташ , дийцарш зорбане дуьйлу « Орга » журналехь , йукъарчу гуларшкахь . 1988 – чу шарахь Нохч – Г1алг1айн книжни издательствехь арайолу поэтан « Седарчийн буьртигаш » байтийн гулар . Яшуркаев Султанан кхоллараллехь билгалйелира цуьнан коьрта тема: жимчохь хийрачу махкахь лайна халонаш , хилла декъаза бералла , даймахке болу сатийсам . И тема цо поэзехь , прозехь к1орггерчу исбаьхьаллица йаьстира . Йешархоша , литературин критикаша дика т1еийцира нохчаша ц1ерадаьхначохь лайначу 1азапах долу дийцарш : « Напсат », « Хорбазан чкъоьргаш », « Картолаш », «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх » повесть.
Нохчийчохь шолг1а т1ом баьлча , 2000 – чу шарахь , Яшуркаев Султанан йуха а махкахвала дийзира . Т1аьххьарлерачу берх1итта шарахь цуьнан 1ер – дахар д1адахара Европехь – Бельгехь . Амма шен сица , ойланашца иза даим Даймахкаца вара. Иза дика гуш ду цо т1аьхьарчу шерашкахь й азйинчу говзаршкахь . Цуьнан кхолларалла йуха а денйелира керлачу басаршца , керлачу в асташца , керлачу шовкъаца даймахках къастаран тема. Яшуркаев Султана публицистическин жанрехь оьрсийн маттахь йазйина « Кескаш т1ехь сизаш » книга Европин дуккхачу меттанашкахь , гочйина , арахийцира . Султана даим кхоллараллин з1е латтайора Нохчийчоьнца , цо керла йазйина байташ , статьяш кест – кеста зорбане йуьйлура ц1ахь арадовлучу журналашкахь , газеташ т1ехь. Цо нохчийн литературехь йитина лар йовр йац цкъа а.
Дешнаш т1ехь болх : г1ап – застава, крепостная ограда; док – портехь кеманашна ремонт йен г1ишло; паднар – топчан, лежанка; наштаран куршка – алюминевая кружка; гота – плуг с упряжью; вспаханный участок земли; кхоллам – судьба; рок; предначертание; предопределение.
Символах лаьцна кхетам балар . Символ ( билгалонан маь1не хьаьрк ) – говзарехь ( произведенехь ) цхьа х1ума цуьнан билгало шеца йолчу кхечу вастаца исбаьхьаллин кепехь билгалйар . «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх » повестехь масех символ йу . Масала , саьрмак – иза бохамийн , т1еман символ йу , некъ – иза вайн халкъан кхолламан символ йу , гота - иза дахаран символ йу . Оцу символша г1о до авторна повестан коьрта идея – нохчийн къам , халонашна , бохамашна къар ца луш , даим лаьтта т1ехь дехар хилар – къеггина гайта .
Керла коьчал йовзийтар . Нохчийн къоман исторехь тайп – тайпана бохамаш хилла . Царах цхьаберш : 19 – чу б1ешарахь хилла Кавказан т1ом; и т1ом д1абирзича, цхьаболу нохчий Хонкар – махка д1акхалхар; 1944 – чу шарахь нохчийн къам ц1ерадаккхар а. Тахана дехачу адамашна а, т1аьхьа т1едог1учу чкъурана а хаа деза оцу хиламех долу бакъдерг а, оцу халачу киртигех нохчийн къам шен мотт а, г1иллакх – оьздангаллин культура а 1алашйеш, к1елхьара муха даьлла а. Оцу 1алашонна мелла а жоп луш йу Яшуркаев Султанан «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх » повесть.
Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар. 1. Хьехархочо къастош д1адоьшу повестан дакъа . 2. Кхетарх дуьххьарлера таллам . Повестан д1ах1оттаман (композиции) шатайпаналлех лаьцна дийцар . 3. Хаттарш : - Х1ун маь1на леладо повестехь некъан васто ? - Т1амера ц1а веанчу Мадина х1ун го шен Даймахкахь ? - Йешначунна дагах кхеташ гайтина йаздархочо , Даймехкан декхарш кхочуш а дина, винчу йуьрта веанчу б1ахочун ойланаш . - Суьйличо кхуьнга аьлла дешнаш : « Нохчий дац кхузахь . Нохчий арадаьхна ... Абургаш доцурш , нохчий дац ...» И дешнаш генарчу махкахь хийлазза кхуьнан дагах чекхдуьйлура . Кхуьнан ц1енчу ойланаша т1е ца лоцура шен халкъ махкахдаккхар . Т1амехь мостаг1ех мохк к1елхьарбоккхуш леттачу салтичун даго ловш дацара шен къомана т1ехь кхоьллина харцо . И лазаме 1овжам, де - дийне мел дели, карзахбуьйлура .
- Семеновке боьдучу новкъахь х1ун халонаш 1иттало вайн турпалхочунна т1е ? Цу халчу муьрехь г1иллакх – оьздангалла лардаро х1ун ойла кхуллу вайн ? - Къам шен оьздангаллин гура чохь латтош , дика г1иллакхаш алсамдохуш , ирсечу кханене сатийсам кхоллалой вайн ?
Керла коьчал кхин д1а а хьехар . Чулацамна т1ехь болх бар. Хаттаршна жоьпаш далар : - Муха йолалуш йу повесть? - Повестан коьрта хилам муьлхачу заманахь д1абоьду? - Повестан коьрта турпалхо мила ву ? - Т1амера ц1авеанчу Мадин х1ун го шен Даймахкахь ? - Ц1ерабаьхначу шен гергарчарна т1аьхьаваха новкъаволуш , х1ун оьцу Мадас ? - Муьлхачу хьолехь карабо Мадина Казахстанехь шен махкахой ? - Х1ун хьехар до Мадина Долонерчу воккхачу стага ?
Дозуш долу къамел кхиор . Кицанаш : 1. Вина мохк мазал мерза бу . 2. Нехан махкахь эла хуьлучул , шен эвлахь лай хилар тоьлу . 3. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо .
Урокан жам1аш. Хьехархочун дош . Дикчу йаздархойх , поэтех , драматургех дозалла дан йиш йолуш ду вай . Царна йукъахь шен башхачу произведешца билгалволу Яшуркаев Султан. Машарехьа , адамаллин оьздангаллехьа кхойкхуш а, Даймахке болу безам г1иттош а йу йаздархочун произведенеш . 1аламат дика нисло Яшуркаевн къинхьегамах лаьцна йолу стихаш . Шайна т1е тидам бохуьйтуш ду вайнах махкахбахар а, цара цигахь лайначу халонех а долу цуьнан дийцарш . Къоман Iep - дахар , хаза г1иллакхаш , ламасташ довзуьйтуш , оьзда кхане кхиорехь халкъан эсехь хазна хилла лаьттар бу йаздархой .
Хаарийн мах хадор . ( Урокехь бинчу балхе хьаьжжина , дешархочо ша йа шаьш вовшийн хадабо шайн хаарийн мах, билгалбоху шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а.)
Рефлекси йар . Суна хии … Суна хазахийти … Со ца кхийти …
Ц1ахь бан болх . «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх » повестан дакъа д еша , хаттаршна жоьпаш дала. (Аг1о 179 – 200)
Хьоме бераш , даггара баркалла хуьлда шуна ! Беркате хуьлда шун хаарш а!!!
По теме: методические разработки, презентации и конспекты
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма.
Урокан ц1е: « Аружа»-исторически хиллачийн буха т1ехь язйина поэма....
Открытый урок. Тема: Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх.
Тема: Хьехархочо хаьржинчу произведени т1ехь болх....