Ц1ерметдош
презентация к уроку (6 класс)

• Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар, к1аргдар.
•Кхетош кхиоран 1алашо, жима дийцар х1оттор ламасталлин йоцу урокан дакъа д1адахьар.
•  Гайтаман г1ирс: Ц1ерметдешнийн тайпанийн кеп, суьрташ, книга «Нохчийн мотт 6 кл.»

 

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл ts1ermetdosh_6-a_kl.pptx97.83 КБ

Предварительный просмотр:


Подписи к слайдам:

Слайд 1

Нохчийн мотт 6-г1а «А» класс Коьчал : «Ц1ерметдешнийн тайпанаш карладахар .»

Слайд 2

Хьехерсахьтан 1алашо: Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар, к1аргдар. Кхетош кхиоран 1алашо, жима дийцар х1оттор ламасталлин йоцу урокан дакъа д1адахьар. Гайтаман г1ирс: Ц1ерметдешнийн тайпанийн кеп , суьрташ , книга « Нохчийн мотт 6 кл .»

Слайд 3

Хьехарсахьт д1адахьар. Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор. Ц1ахь бина болх таллар . 1амийнарг карладаккхар . Дешнийн диктант. 1амийнарг т1еч1аг1дар. Дешархошка шайга болх байтар . Жам1 дар. Ц1ахь бан болх

Слайд 4

С интаксически къастае . Тхоьга генара хьаша веара .

Слайд 5

Легаде терахьдешнаш . Ц1. шишша кхо стаг

Слайд 6

Ц1ерметдешнийн тайпанаш 1. Яххьийн со, тхо , хьо , шу, уьш,и,иза 2. Дерзоран суо, со-суо,шу-шаьш 3. Доладерзоран сан,церан , хьан,шун 4. Дерзоран-доладерзоран сан-сайн, тхан-тхайн,церан-шайн 5. Гайтаран х1ара, д1ора, цигара,кхузара 6. Къастаман х1ара, изза, муьлхха а 7. Къастамза хьенех, минех, масех, цхьаверг 8. Дацаран х1умма а, цхьа а, аддам а 9. Хаттаран мел? маса? х1ун? 10. Юкъаметтигаллин х1ун, мила, хьенан

Слайд 7

Хьенех бохучу ц1ерметдашна бо фонетически къастам .

Слайд 8

Маь1ница уьйр йолу дешнаш цхьанатоха : Суна… веара .. Тхьога .. делира .. Хьо .. дагавелира .. Шух .. гира .. Цаьрца .. стаг .. Масех .. салт .. Д1ора… карийра . .

Слайд 9

Дешархошка шайга болх байтар . 1. Кху къамелан дакъошна буха яздо пхиппа масал ( пхиъ дешархо уьн т1е вог1у) Ц1ердош Билгалдош Терахьдош Ц1ерметдош 1 …. 1 … 1 …. 1 … 2 …. 2 … 2 …. 2 …. 3 … 3 … 3 …. 3 … 4 … 4 … 4…. 4 … 5… 5 … 5…. 5 ….

Слайд 10

Х1инца вай д1ахьур ю ламасталлин йоцу урокан дакъа . Чулацам : Хьаг1, гамо х1унда лелайо ? 1алашо: Бераш кхетадо гамо , хьаг1 лело цаэшарх , цунах долучу зенах

Слайд 11

Х1аг1, гамо адамна дагах кхеташ долу д1овш

Слайд 12

Ж има дийцар . Ахьмад самукъане , велакъежаш араваьлла . Арахь кхетта малх бара, цуьнан дас аьллера , ша ц1а веъча , ч1ара лаца г1ур ву . Ц1еххьана чувог1у иза дера, оьг1азе юьхь , кхоьлина б1аьргаш, самукъане вац , ч1ог1а не1 туьйхи . Нанас хотту : « Ахь х1ун до, хьо ма дарвелла , оьг1азе гуш ма ву хьо ? Олла а велла , дуьхьал вист ца хуьлура Ахьмад . Нанас юха а хаьттира : « Хьо стенна дарвелла , гома х1унда хьоьжу хьо ?» Б1аьргехь охьаоьхуш хиш дара к1ентан. Т1аккха элира цо : «Суна-м ца хили , Хьасанна компьютер эцна .» Нана шен ма-хуьллу к1ант кхето г1оьртира. Цкъа собарде , вайн аьтто бац, хьан да х1инцца бен балха ца вахна . Ткъа цул сов компьютер механа еза ю. К1ез-к1еззиг ахча д1а а дуьллуш , эца хьовсур ду вай .» Ахьмад д1а а вирзина , нене вист ца хуьлуш , д1ах1оьттира. Сих- сиха пебетта волавелира .

Слайд 13

Х аттарш - Х1ун хилла к1антана? -Х1унда ? -Х1ун олу цунах ? - Ахьмад х1унда хийцавелла ненаца , гамо х1унда лаьцна ? Х1унда ца кхета к1ант нанас шега дийцинчух ?

Слайд 14

Х еттарш - Массеран буй механа еза компьютер эца аьтто ? Хьаг1 елахь , гамо елахь нахаца лело оьший -те? Цунах пайда болий ? - Цо х1ун дохьу адамашна юккъе ?

Слайд 15

Д ийцар Гамоно адам х1аллакдо. Дог лазадоккху . Адамашна юкъара барт иэг1або. Барт ийг1ича питана долу, питана гена даьлча вер- ваккхар хуьлу . Цундела и стаг ша ларвала везаш ву цу зенах . Хьаг1,гамо, питана , зен д1адаккха стага шена т1ехь болх бан безаш бу .

Слайд 16

Синквейн Хьаг1 гамо Боьха,ирча Х1аллакво, иэг1аво, цомгашво Хьаг1-адамашна юкъара питана ду . Гамо .

Слайд 17

Жам1 дар. - Маса тайпана ду ц1ерметдешнаш? - Тайпанаш къастор . Барта предложенеш х1иттор уьш юкъадалош .

Слайд 18

Рефлекси . Аш дийцийша , кху урокехь Барий меттиг сингаттамна ? Куьг айъийша леккха , леккха , Самукъадолуш болх бинчо .

Слайд 19

Ц1ахь бан болх . § 42-г1а 1амае, талламан диктантана кечам бе .