Омонимаш
презентация к уроку (5 класс)
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: хаа деза, омонимаш х1ун йу, дуккха маь1наш долчу
дешнашний, омонимашний йукъахь х1ун башхалла йу,
омонимийн маь1на къамелехь а, байташ йазйечу хенахь
пайдехь хилар; омонимаш каро хаар, шен къамелехь царех
нийса пайдаэца хаар, баккхийчаьрга ларам кхиор;
кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.
Скачать:
Вложение | Размер |
---|---|
Омонимаш | 2.62 МБ |
Предварительный просмотр:
Подписи к слайдам:
1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер , 1амийнарг карладаккхар ; к хиоран : хаа деза , омонимаш х1ун йу , дуккха маь1наш долчу д ешнашний , омонимашний йукъахь х1ун башхалла йу , омонимийн маь1на къамелехь а, байташ йазйечу хенахь пайдехь хилар ; омонимаш каро хаар , шен къамелехь царех нийса пайдаэца хаар , баккхийчаьрга ларам кхиор ; к хетам – кхиоран : нохчийн матте болу безам к1аргбар.
Догдаийтаран мур . Кицанаш чекхдаха : Б1аьргана гинарг тешаме ду , лергана … Ц1арца бегаш ма бе , хих а ма … Х1ума хаар – нахе …
Нийса дуй талла . Кицанаш : Б1аьргана гинарг тешаме ду , лергана хезначул . Ц1арца бегаш ма бе , хих а ма теша. Х1ума хаар – нахе ладог1ар.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур . 1 . Ц1ахь 1амийнарг хотту : - Лексика стенах олу ? - Лексикологи стенах олу ? - Масалш даладе дешнийн нийсачу маь1нехь а, тардинчу маь1нехь а.
Тобанашкахь болх бар. Харжаман диктант. Ваша, йиша , эса , 1аж, к1ант, йо1, б1ара, нана , да, кхор , деда, денана , дейиша , бахам , хьокхам . 1 – ра тоба д1айазде зударий бигалбен дешнаш . 2 – г1а тоба д1айазде божарий билгалбен дешнаш . 3 – г1а тоба д1айазде кхийолу х1уманаш билгалйен дешнаш . Муьлха дешнаш йаздина хьалхарчу тобано ? Шолг1ачу? Кхоалг1ачу?
Керла коьчал хьехар . 1. Дешнаш т1ехь болх . Омоним ( французски ) – омос – цхьатерра , оним – ц1е. И дош шина дашах кхолладелла ду – цхьатерра + ц1е. Хьехархочун дош . Йаханчу урокехь вай шуьца 1амийра дуккха а маь1на долу дешнаш . Карладохур ду вай уьш . Масала : мотт , лерг , ц1е, ча , не1. Шайн тидам т1ебахийта мотт бохучу дашна . Д1айеша предложенеш : а) Нохчийн мотт хаар доккха маь1на долуш ду . б) Нанас шен к1антана мотт биллира . в) К1ентан мачин мотт схьабаьллера . г) Аюбан доьхкаран мотт дато бара. д) Оха бежанан мотт кхехкийра . Муха ду оцу дешан алар а, йаздар а? Алар а, йаздар а цхьатерра ду . Маса маь1на ду оцу дешан ? Маь1на пхиъ ду : буьйцу мотт , д1авуьжуш буьллу мотт , мачин мотт , доьхкаран мотт , багара мотт . Алар а, йаздар а цхьатерра а долуш , маь1на тайп – тайпана долчу дешнех омонимаш олу . Масала : хаза ц1е – пешара ц1е.
1амийнарг т1еч1аг1дар. 1. Омонимаш билгалдохуш предложенеш д1айазйе: Хан йаьллачу хенахь не1 туьйхира . Суна хаьара цуьнан ц1е. Кийрахь са мел ду , аса хестор бу сайн Даймохк . Х1окху дешнашна йукъара омонимаш билгалйаха : Бага, дитт , бух, коч , говр , амал , ка, куьйра .
Сада1аран мур . Оха йазди , дукха йазди , Йозано тхан п1елгаш к1адди. Хьалхий – т1аьхьий идалаш . Кхийса – кхийса – кхийсалуш , Ида , ида , к1ад ца луш .
Берашка шайга болх байтар . 1. Кхочушдо шардар № 193. 2. Дешан х1оттам билгалбаккха : чувахар , парг1атбаьккхина. 3. Легаде дешнаш : хабар, дийцар . 4. Лаха нийса маь1на долу дош : а) т1улган керт ; б) т1улган дог; в) т1улган амал . 5. Цхьа маь1на долу дош лаха : куьг , дин.
1амийнарг карладаккхар .
Рефлекси йар : Суна хии … Суна хазахийти … Со ца кхийти ….
Ц1ахь бан болх . 1амайо бакъо № 39. Кхочушдо шардар № 195.
Хьоме бераш , даггара баркалла хуьлда шуна ! Беркате хуьлда шун хаарш а!!!