Бекалахь ненан мотт даимна
методическая разработка (8 класс)

Бугаев Ибрагим Германович

Внеклассное мероприятие приуроченное ко Дню чеченского языка

Скачать:

ВложениеРазмер
Microsoft Office document icon bekalah_nenan_mott_daimna.doc53.5 КБ

Предварительный просмотр:

                                       

                                         “Нохчийн мотт – сан дозалла»

                         ц1е а йолуш Беркат-Юьртарчу юккъерчу школехь

                      д1аяхьа леринчу тематически мероприятин сценарии.

(Сцена кечйина хила тарло х1окху дешнашца: «Ненан мотт, дайн г1иллакх лардеш, Лаха вай кху лаьттахь ирс!» Байн лакха болабо дечиг-пондар. Генарчу озаца еха байт).

       Йиш «Нохчийн мотт» д1алокху Абуева Хьавас.    

       Рашидов Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшу Вацаева Мадинас.

       (Цул т1аьхьа сцени т1е довлу и мероприяти д1ахьош долу к1ант, йо1).

К1ант:

Салам – маршала ду шуьга, тхан хьоме доттаг1ий:

Йо1:

Де дика хуьлда шун массеран а!

К1ант:

25-чу апрелехь вайн республикехь билгалдоккхур ду Нохчийн меттан де.

Цу хьокъехь НР-н Президентан Указ зорбане даьлла «Даймохк» газетехь.

Йо1:

Цу Указца Республикан лакхарчу 1едало гайтина нохчийн маттаца йолу шен юкъаметтиг: вай цуьна сий – пусар дан а деза, 1амо а беза, цунах билггал пачхьалкхан мотт хиларе кхача а деза.

К1ант:

Дезденош тайп-тайпана ду: лоьрийн, хьехархойн, б1аьхойн, студентийн, энергетикийн и др.кх.

Ткъа хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?

Йо1:

Нохчийн мотт буьйцуш а, 1амош а и бийца лууш волчу х1оранна а дезде хилла

д1ах1отта деза иза, дуьненан муьлххачу маь11ехь вайн къоман стаг вехаш велахь а.

К1ант:

Оцу кхетамехь вай хилахь, и де билгалдоккхур ду х1ора х1усмехь, юьртахь, районашкахь, республикийн т1ег1анехь, дешаран а, культуран а ерриг учрежденешкахь а, организацешкахь а.

Йо1:

Адамова Т. язйина «Ненан мотт» байт 2005. №7. д1айоьшу Гачаева Л.

К1ант:

Х1инца вайна хезар ю къоначу йишлакхархочо Абуева Хьавас д1алокху «Ненан мотт» эшар.

Йо1:

Х1инца сцени т1е кхойкху вай «Захало» ц1е йолчу сценки декъашхой.

К1ант:

Муьллха къоман уггаре коьрта билгало, иза кхечу къаьмнехь къастош дерг, цуьнан шатайпалла гойтург мотт бу. Мотт-къоман культуран бух бу. Мотт д1абаьлча, къам а д1адолу.

Йо1:

Хьалха заманчохь «мотт а, къам а» боху дешнаш цхьана маь1нехь лелаш хилла, 1илманчаша дийцарехь. Цо гойту мотт – къоман юьхь а, са а хилар.

К1ант:

Дуьненахь дехачу х1ора а къомана шен–шен мотт белла Дала. Къам кхечу къаьмнех къасточех коьрта билгало ю цуьнан мотт. М. Мамакаевс говза аьлла х1окху дешнашца ненан маттах лаьцна.

                   

                   Шен ненан мотт халкъо

                   Сий ойбуш, 1алашбахь,

                   Цу халкъан парг1ато

                   Цхьаммо а хьошур яц.  

Йо1:

Шен ненан маттаца кхуьуш ю къоман оьздангалла, литература, искусство. Цундела муьлхха а мотт байча метта х1отталур доцу зен хуьлуш ду х1окху дуьненчохь дехачу массо а адамашна.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Талаева Хьавас «Нохчийчоь» ц1е йолчу эшарца.

К1ант:

Нохчийн г1иллакхаш хаза ду, иштта и хаза г1иллакхаш шеца долуш вара 1имран. Ша йоца яьккхинчу хеначохь, шех ала дика дош бен ца дитина цо ша мел вевзачарна. Муьлххачу меттехь везаш т1еоьцуш вара 1имран. Ша кху ишколе вог1учу хенахь, вог1ура газеташ, журналаш а дохьуш. Дешархошна боккха кхаъ хуьлура 1имран гучуваьлча.

Ишколехь дуккха а ду «Стела1ад» а, иштта кхин долу а журналаш доьшуш долу бераш.

Йо1:

Воккхаверца схьаоьцура 1имрана бераша вовшах тийсина дешнаш а, цара дехкина суьрташ а, уьш юха журнала т1ехь зорбане а дохура.

 

Х1инца шен да дагалоьцуш язйина «Сан, Хьоме Дада.» ц1е йолу байт д1айоьшу Джанаралиева Имана.

К1ант:

Адамаш кхетош – кхиорехь а ондда г1ирс бу мотт.

Ненан матто 1амадо вай Даймохк беза, цо 1амадо вайна  нохчийн оьзда г1иллакхаш, ламасташ.

Цо 1амадо вай Дуьненан а, Адаман а хазалла йовза.

Иллига бирзича

1енадеш б1аьрхиш

Делхадеш, ловзадеш

Кийрара дог.

Кхолабеш, юха а

Белабеш б1аьргаш,

Йовхо лург хиллера

Сан ненан мотт.

Айдамиров Абузара язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу Дохкуева Маккас.

Йо1:

Шен къоман мотт ца безаш, цуьнан сий ца деш волу стаг – стаг вац. Цунна шен къам цадезар а, цалар билгало иза.

Диканехь я вонехь

Дош ала дезча,

К1оргера ян воьлча

Хилланийн чот

Эхь, иман я г1иллакх,

Доьналла эшча

Собар лург хиллера

Сан ненан мотт.

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Хатаева Матас.

К1ант:

Х1инца Галагаевс яз1ина «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1аоьшур ю Эмбаева Матас

Йо1:

Х1инца оха шун тидаме юьллу «Дарба» ц1е цолу сценка.

К1ант:

Арсанукаев Ш. «Ненан мотт» ц1е йолу байт д1айоьшу: Мачиева Хазмана.

Йо1:

Муьлхха а къоман уггаре коьрта билгало,  иза кхечу къаьмнех къастош дерг, цуьнан ша-тайпаналла гойтург мотт бу. Шен мотт бицбина вахар-иза вахар дац.

К1ант:

              Ваха а ца оьшу,

              Д1ахаьдча цунах,

              Бицбина вехаш верг

              Ю еса ботт.

              И саннарг карор бац

              Мел лехарх хьуна.

              Даймехкан дозалла

              Сан ненан мотт.

Х1инца Саидов Б. язйина «Ненан мотт» ц1е йолу байт  д1айоьшур ю Вараева Матас, Асхабова Метис

Йо1:

Кибиев Мусбека язйина «Меттан сий» ц1е йолу байт д1айоьшу Ибрагимова Фаридас.

К1ант:

Нохчийн мотт уггаре а ширачех, хьалдолчарех цхьаъ хиларан тоьшалла до ширачу тептарша, вайн барта кхолларалло, генарчу хенийн дийцарша, турпалаллийн иллеша.

Йо1:

Оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочо Л.Н. Толстойс аьлла вайн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт уггаре а хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».

Шу тидаме юьллу оха «Набахти чу воллар сценка»

К1ант:

Кхузахь карладаха лаьа оьрсийн яздархочо К. Паустовскоийс маттах лаьцна яздина мог1анаш а: «Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац. Шен къоман матте бен доцуш хьоьжуш верг – акха ву».

Йо1:

Ахматов Ваха «Ненан мотт» д1айоьшу Турачева Маремас

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху къона йишлакхархой: Абуева Хьава а, Талаева Хьава а.

Йо1:

Болтукаев 1абдуллас д1айоьшу ша яйина «Даймахке безам» ц1е йолу байт.

К1ант:

Кхо х1ума ду х1ора къоман а, ша къам делахь, дуьненчохь даима цхьана хила дезаш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Вайн дайша сий-пусар деш, ларбеш схьабеъна и таханлерчу дийне кхаччалц.

Йо1:

Тахана, х1окху чолхечу, къам юхадендаран муьрехь, вайн коьртачу 1алашонех цхьаъ нохчийн мотт ларбаран, иза 1аморан, кхид1а кхиоран, цуьнан сий-ларам лакхабаккхаран 1алашо ю.

К1ант:

Х1инца шуна хезар ду шолг1ачу классан дешархочун Бугаев Расулан забаре дийцар.

Йо1:

Х1инца вайн самукъа доккхур ду Абуева Хьавас.

Цо д1алокху «Оьздангалла» ц1е йолу йиш.  

К1ант:

Адаман са санна, ларбан беза вайн къоман мотт. Мотт ларбахь, ларлур ду вайн къам а. Шен мотт хаар х1ора нохчочун декхар ду.

Йо1:

Дала ненан мотт беза, цуьнан сий дан, иза к1орггера бовза а ницкъ лойла вайна.

К1ант:

Х1инца вай сцени т1е кхойкху уггар къона а, уггар корматалла йолуш а йолу йишлакхархо  Абуева Хьава. Цо д1алокху «Къонах» ц1е йолу эшар.

Йо1:

Ненан мотт, - Хьо бека бисалахь

                                 Тахконза дисинчу аганна;

К1ант:

Ненан мотт, - Хьо хезчохь бисалахь

                       Ненан мотт мел безачунна;

Йо1:

Нохчийн мотт, - Хьо баха бисалахь

                           Нохчийн къам мел деха цуьнца!

К1ант:

Хьоме доттаг1ий! Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьаьнакхетар.

Iодика йойла шун, марша 1ойла!


По теме: методические разработки, презентации и конспекты

къовсадалар нохчийн мотт 5 класс

нохчийн мотт къовсам 5 класс...

«Бекалахь, нохчийн мотт, тахна…»

«Бекалахь,  нохчийн мотт, тахна…»...