Презентация Эльсанов Исраилан Исламан дахар кхолларалла
презентация к уроку (6 класс)

Луиза Магомадова Истамуловна

Эльсанов Ислам вина 1956 шеран август беттан 20-чу дийнахь ГIиргIизехь, Ала-Бука юьртахь, ДжалалАбадан областехь. 1973 шарахь Аргунера №2 юккъера школа чекхъяьккхина. 1974 шарахь ша Эскаре ваххалц, Iамийна слесаран, токаран а говзаллаш. Литературе безам школехь дуьйна кхоллабеллера Исламан. Нохчийн яздархойх уггар хьалха Ошаев Халид вевзира, цуьнга 1977-чу шарахь хьалхарчех шен дийцар деша делира. Ошаев Халида оцу дийцаран хадийначу мехо кхин а яздан дог даийтира. Исламан хьежамашна къаьсттана тIеIаткъам бира оццу хенахь ешначу Ошаев Халидан зорбане ца яьллачу публицистико. Уьш дара яздархочо компартин обкоме, яздархочуьнга Х.-М.Мугуевга а яздина кехаташ.

Скачать:

Предварительный просмотр:


Подписи к слайдам:

Слайд 1

Нохчийн литература 1956 Тема : Эльсанов Исраилан Исламан дахар кхолларалла

Слайд 2

Эльсанов Ислам вина 1956 шеран август беттан 20-чу дийнахь Г I ирг I изехь , Ала-Бука юьртахь , ДжалалАбадан областехь . 1973 шарахь Аргунера №2 юккъера школа чекхъяьккхина . 1974 шарахь ша Эскаре ваххалц , I амийна слесаран , токаран а говзаллаш . Литературе безам школехь дуьйна кхоллабеллера Исламан . Нохчийн яздархойх уггар хьалха Ошаев Халид вевзира , цуьнга 1977-чу шарахь хьалхарчех шен дийцар деша делира . Ошаев Халида оцу дийцаран хадийначу мехо кхин а яздан дог даийтира . Исламан хьежамашна къаьсттана т I е I аткъам бира оццу хенахь ешначу Ошаев Халидан зорбане ца яьллачу публицистико . Уьш дара яздархочо компартин обкоме, яздархочуьнга Х.-М.Мугуевга а яздина кехаташ .

Слайд 3

Царах цунна яздархочо бакъонгахьа латточу къийсаман дика масала хилира . Оцу кехаташа кхоллабалийтира историга безам , историн халачу киртигашна т I е тидам а бохуьйтуш . 1978 шарахь Нохч-Г I алг I айн университетан филологин факультете деша вахара Эльсанов Ислам ( нохчийн мотт , литература, оьрсийн мотт , литература). Йоьалг I ачу курсера д I а а ваьлла , 1981-чу шарахь деша вахара М. Горькийн ц I арахчу Литературин институте, прозин семинаре. 1982 шарахь , гурахь , НохчГ I алг I айн АССР-ра баьхкинчу артисташа , культурин кхечу декъахоша а Москвахь яккхий концерташ елира , « Нохч-Г I алг I айчоь шен лаамца Россина юкъаяхана 200 шо кхачарна » лерина . Ала деза , XX- чу б I ешеран 70-г I а шераш юккъедевлча дуьйна КПССн Центральни комитето харцисторин и харцконцепци т I еэцнера .

Слайд 4

1824-1859ш. Кавказан т I амах , историн тешаллин бух т I ехь , « Еха буьйсанаш », « Лаьмнашкахь ткъес », « Дарц », « Калугера йийсар » говзарш язйина Айдамиров Абузара . Эльсанов Ислама шен повестехь буьйцу исторехь хилла турпалхой а, хиламаш а вайна бевзинера Айдамиров Абузаран говзаршкахь . Амма «Ц I ег I ачу декхнийн боьлак » ц I е йолчу повестехь и турпалхой а, хиламаш а авторо кхечу хьелашкахь а , кхечу амалшца а гайтина . Масала , Бенойн Бойсаг I ар х I инццалц вайна майра , юхавервоцуш , т I емало санна , вевзаш хиллехь , Эльсановс шен повестехь Бойсаг I аран дог-ойла йовзуьйту , иза къинхетаме , дахаран хазалла гуш а, езаш а хилар билгал а доккхуш . Бойсаг I аран вастехула авторо б I аьрладоккху нохчийн халкъана т I ом к I ордийна а, машаречу дахаре сатесна а хилар . Харцонна къар ца луш , нийсонехьа къуьйсуш , шен са д I адала а кийча волчу нохчочун васт го вайна Г I убашехь . Б I аьргаш а дохуш , шена тешнабехк биннашехь , доьналлах а , къонахаллах а ца вухуш , имаман муртазекхех масех воь , Шемална шийтта чов йо цо . Исторехь девзачу адамех дийцина ца I аш , Эльсанов Ислама шен тидамехь латтабо оцу заманахьлера мог I арера нах а, х I унда аьлча т I еман зулам , I азап х I ора нохчочо лайна дела. Царах ю оцу къизачу т I амо шен жималла а, т I аьхьо кхоьллина болу доьзал а д I абаьхьна йолу йоккха стаг а.

Слайд 5

.

Слайд 7

Билгалзачу кепан хандешнашна буха сиз а хьокхуш , дIаязъе предложенеш . 1. Дайн Iадат дара церан кхетамехь Iалашдан дезарг . 2. Кхарна-м сагатдан ца оьшура . 3. Вуно дукха дара воккхачу стагана хала ойла ян дисинарш . 4. Ткъа хIинца цу балхах кIелхьаравала дагахь ву техьа Вербицкий? 5. ХIусамдай , хьеший новкъа а баьхна , садаIа дагахь дIатевжинера Бици . (М. М.) 6. ХIорш вай ваьшна юккъера , дийнахь панарашца лоьхуш , лахка беза , вешан керлачу бахаман белхаш вай чIагIбан беза ! 7. Бекхам бан , атта ваха , нахана веза , кура лела стогалла , герз а ца оьшу , цунна оьшу хаза а, харц а мотт . (С. Б.)


По теме: методические разработки, презентации и конспекты

Урок по теме: "Мультимедийные интерактивные презентации. Дизайн презентации и макеты слайдов. "

Данный урок рассматривается первым по счету в разделе «Компьютерные презентации». На данном уроке  учащиеся знакомятся с программой POWERPOINT, учатся изменять дизайн и макет слайдов....

Презентация "Использование мультимедийных презентаций как универсального средства познания"

В презентации "Использование мультимедийных презентаций как универсального средства познания" даются советы по оформлению и наполнению презентаций....

Разработка урока и презентации "The Sightseeng Tours" London and Saint-Petersburg c презентацией

Цели: развитие речевого умения (монологическое высказывание); совершенствование грамматических навыков чтения и говорения (прошедшее неопределенное время, определенный артикль) Задачи: учи...

Презентация "Рекомендации по созданию мультимедийных презентаций"

§Предложить рекомендации по подготовке презентаций; §научить профессиональному оформлению слайдов. ...

Презентация к уроку "Обобщение по теме презентации"

Урок – деловая игра «Работа  с пакетом презентаций Power Point». В ходе урока организовано повторение материала "электронные таблицы" с использованием КИМов, повторение технологи...

Презентация "Лица Победы". Данную презентацию можно использовать на уроках литературы в день памяти о тех, кто сражался и погиб в годы Великой Отечественной войны.

Данная презентация посвящена событиям Великой Отечественной войны и может быть использована в средних и старших классах  как на уроках литературы, так и на внеклассных мероприятиях  для пров...

Проектная деятельность на уроках литературы. 7 класс. Стихи Н.А.Некрасова .Презентация. презентация

Презентация к уроку"Проектная деятельность на уроках литературы.Стихи Н.А.Некрасова.7класс"...