Г1иллакх
материал (8 класс) на тему

Народные обычаи и традиции чеченского народа

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл g1illakkh.docx374.89 КБ
Файл -docx-kicanash.docx26.8 КБ
Файл nokhchalla.docx39.72 КБ
Файл alarsh.docx24.68 КБ

Предварительный просмотр:

                                                          ГIиллакх

Урокан 1алашо:

Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча,   цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.

Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш   уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.

Урокан г1ирс:

1.Закриева Пет1аматан байташ, афоризмаш т1ехь йолу сборник (гулам);

2. Журнал «Орга», «Вайнах»;

3.«Даймохк» ц1е йолу газета т1ера г1иллакхах лаьцна статья.

Урок д1аяхьар.

Хьехархо:

Хууш ма-хиллара, адам Дала  х1окху лаьтта, шен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина. 

Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Г1иллакх-иза адамашавовшашца

Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду.

Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.

« Г1иллакх ялсаманерасхьадеъна», ялсаманедухадерза

дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна»

Г1иллакх - динан ах ду.

(Г1иллакх довзийтарх а цатоьа,

нагахь и лелош ца хилча)

Г1иллакх бохучудашошеначулоцудешнашдаладе…

(адамалла,къинхетам,комаьршалла,майралла,къонахалла,доттаг1алла,хьаша т1еэцар,яхь,декхар,эхь-бехк,доьзал а,бераш а кхетош-кхиор,нийсо,собар)

Т1аккха г1иллакхехь лаьцна ша кечйина доклад д1айоьшур ю вайн Бидаева Хьавас:

Стеган оьздангаллацоша-шецалелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза угар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шеен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латторду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шеен духар, сурт -сибат муха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалха болу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар.

Стага угар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла - ах дин ду», - аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латта во, цуьнан дог-ойла ц1ан йо, иза къинойх лар во. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цучохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

Духар угар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хила шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хила цо (оьрсийн г1иллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», - олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хила боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь - и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар – иза шеен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта баттайиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на ишттаду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

«Ах стаг бедаро во», - бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Иза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй - вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан – болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй - аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш.

Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо - царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

Боьршачу нехан духаран коьрта билгало - иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккхушена - шенмогашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стагвацшабохургдуиза.

ХЬЕХАРХО:

Дела реза хуьлдахьуна, Хьава!Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнаноьздангаллингайтамбу духар.

Цуьнцадоьзнацхьамасалдалорвай. 
ХалкъаняздархочоАйдамировАбузарадуьйцура, цкъагIалаваханчуьра,

гучувалашааьлла, МамакаевМохьмадволчуваханерашабохуш. 
Шецаисс-иттшокхаьчнашенйоI а яра. НеIеллавеънаМохьмад, аьхка

xIycaмexьтIexйовхайолу дела, шенааттачудухарехь вара. 
АммаоцуйоIахбIаьргкхетча, шацуннацагойтуш, кхинмогаш-паргIат

хаттардоцуш, дехьачу а вахна, шендухархийцинерацо; 
шабоккъал а чIогIацхьанабоккхачугуламевоьдушсанна, кечвелла

схьавеънера. ЦецваьллачушегаМамакаевМохьмада эли, бохураАбузара, 
мел жима елахь а, йоIбехкема ю, гIиллакх хила мадезацуьнцааьлла. 

Иштташакечйина доклад д1айоьшур ю Мутиева Мархас:

Хуушма-хиллара, адамДала х1окху лаьтта, шеен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна бела кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а бела вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу.

Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шина дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Дална ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.
Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвла юккъе стена дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча санна д1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий х1инца а. 
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехьлелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царахцхьадершд1адовлуш а ду.

Хьехархо:

Дела реза хуьлдахьуна,Марха!Г1иллакхо лайхэла вина, г1иллакх ца хилароэлах лай вина аьллавайдайша…

Ахь хьайна т1аьхьалонна ахча ларде, халкъана т1аьхьалонна дайн г1иллакх ларде.Иштта, и гlиллакхдуьйцуш, вайнкъоманиэсехьдисинацхьадийцарду.

ГоврахьвогlучуИсмайлин Дудина шенберацадуьхьалйогlуцхьа жима зуда, 
и берохьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говраравоьссина Дуда,

оцуберaнатle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, 
цуннаюххе cовг1атнa шенворхIаззайолутапчаохьа а йиллина,

«Дала беркатедоьзалховойлакхунах, Даладукхавахавойлахlapa», - аьлла,

дlавахна. 
Tlaккxa и гlиллакххIоттийнастаг мила ву а хиъна, оцужимчу к1ентан дас

Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина. 

Г1иллакхах лаьцна байт (Мунашева М..)

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон

Я ша д1а, шецасха мел гайтарх, хьанна

Мичахь и, я маца карийна к1уон?

Олуш ду: «Г1иллакхца аттадуваха,

Цунах д1атиллачун мах бац ши шай»,

Халонехьшаьшхиларх, ваймассоваха,

Г1иллакхах цабухушбеллавайн дай.

Шаделахь, ду г1иллакх, йистйоцушшорта,

Доцчунна «вуон», «к1езиг» - къастамца тов.

Осалву д1аалий, харцийтаворда –

Г1иллакх цадевзачо, муьлххаэхь лов.

Цуьнца бен хьанлерам, пусарцахилча,

«Вуон» дашцахуьттуш и, муха дайдер,

Сиймадацбехлушша, я ц1анлуш, дилча…

Г1иллакхах а ма де вай, х1ай нах, буобер!

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлушдацледара, вуон.

Я ша д1а, шецасхьа мел гайтарх, хьанна

Мичахь и я маца карийна к1уон?

Классный час:

Г1иллакх дезаш волчунна

и генахьдац.

gl4

                               8 «а»классан  куьгалхо:Джамалдинова Л.Х.

Х1инца шун г1иллакхех долу хаарштоллурвай.

Хаттарш.

Х1ун олу?

 Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )

К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!

Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )

Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат мА эша дойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)

Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хила зен.)

а)Адамийн дика амалшмуьлхарниш ю.

Лерам, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дошлардар)яхьйолушхилар.

Адамийн вон амалш муьлхарниш ю?  Хан 1мин.

Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт тохар, къола дар, писалла, хабар дукха дийцар, шена т1ехь доцург дийцар, сихалла, къизалла, мало яр, куралла.

1.  Г1иллакх-оьздангаллах лаьцна кицанаш далор. Хан 1мин.

а) Болх бечу кхаьчча-болх бе, юучу кхаьчча-яа.

аь) Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо.

б) Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла.

в) Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина.

г) Стеган мах ша хадийнарг бу.

г1) Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву.

д) Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву.

 Х1етал-металш.

1.  Дуьнен чохь цкъа а ца леш ерг?

Дикалла.

2.  Барзо шен кан хийцарх, ца хуьйцуш ерг х1ун ю?

Амал.

3.  Нанас шен берана комаьрша кховдошъерг х1ун ю?

Йовхо.

4.  Гергарлонан бух хилла лаьтташъерг  х1ун ю?

                                                                               Марзо.

 

5.  Муьлхачу а адамехь ца хилча йиш йоцург х1ун ю?

                                                                       Адамалла.

6.  Кицанахь сарралц бен лаьтташ яц бохуш, юьйцург х1ун ю?

                                                                Хазалла.                                                                                                                                                                                                        

7.  Адаман г1иллакхехь тоьллачух цхьа г1иллакх х1ун ду?

Комаьршалла.

8.  Цхьана а садолчу а, садоцчу а х1уманца  адамна Дала лело бакъо цаелларг х1ун ю?

Ачо(хьаг1, гамо).

9.  Муьлххачу а къийсамехь уггаре а дика герз муьлха ду?                                     

  Хьекъал.

 

10.Шинна а тобанна: 1ар-вахар мичахь тоьлу хуур ду шуна,аша д1алечкъина дош схьалехча.

Схьалахахь д1алечкъина дош.

Даймахкахь.

 

-Х1инца вай къовсадалар кхин д1а хьур ду.

Аса х1ора тобанна хаттарш лур ду, аша  жоьпаш  дала деза.

Хаттар:Чу-араволуш хьалхе хьаьнга яла еза? 

Жоп:    Чу-араволушхьалхевоккхачуьнга а,заь1апчуьнга а д1аяла еза.

Хаттар:    Хьошалг1ахь шена хьалха йиллина юург  буха а ца юьтуш яа еза,я мела а буха йита еза?

Жоп:   Жимма буха йита еза.ша вуззалц йиъна хиларан маь1на ду цуьнан.

-Суна ч1ог1а  дика хета шуна иштта дика хууш. Дала и хаарш  берашна  хьеха кхин а к1орггера  хаа  пурба лойла вайна.

          

БЕРАШ –урддуаьхна, х1у таса сихло.

           Д1адехь вай дика х1у – хьекъар ду ялта.

           Амма вай д1атасахь г1овтур ю яраш,

           Цхьанна а ца оьшу ба1 хьекъа тарло.

           Ткъа д1адийнарг  т1едалаза дуьсур дац.

Хьаша  вар  а,  т1еэцар  а массо  хенахь  деза  г1уллакх  лерина  вайнаха. Хьешана  не1  къовлар,  цуьнан  

хьашташка  ца  хьажар доккха  эхь  лоруш хилла.   Хьаша-да    т1еэцарна  доьзна  нохчийн  цхьадолу  г1иллакхаш билгалдохур  вай.

1. Вевзаш  вара,  вацара  ца  бохуш, хене  ца  хьожуш,  т1еоьцуш  ду  хьаша.

«Вевзаш  вацарх,  ломахь  наха  даима  оьцу  Хьаша  т1е» (А.Сулейманов).

Кхин  ца  масал  а  далор  вай:

-«Ассаламу 1алайкум!  Хьаша  т1еоьций  аша?  -  Ва  1алайкум вассалам! Йокъанах  дог1анна  санна,  т1ера  ду-кха  тхо  хьешана, - жоп  делира лекхачу  дег1ахь  волчу  стага:

- Тхо  ч1ирхой ду.  Сан  ц1е  Хасболат  ю. Ткъа  х1ара  сан  к1ант  ву, Шахьби. Буьйса  яккха  меттиг  езара  тхуна.- Марша  вог1ийла  хьо! Чоьхьавала.  Хьайн   ц1а  веана  хьо»;

Хьаша-да воьссинехькерта..

Дин парг1атбаьккхича хьешан,
Шен к1анте аьллера дас:
- Г1иллакхах ца духуш вешан
Чекхдовлар дехар до ас.

Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнца ду исс имий-беркат,
Цхьа марзо хиларал сов.

Цкъа жимчохь хезнера суна,
К1иллошна ца лепа малх.
Стаг хилар коьрта ду хьуна,
Стаг воцчохь совцуш бац нах.

Т1еоьцуш генара хьаша
Вай лардахь, хир ду вайн сий.
Доккха шун хоттор ду бешахь,
Шортта ду сискал-туьхий.

Хьаша-да воьссинехь керта,
Вайнаха ца ч1аьг1на ков.
Цуьнцадуиссимий-беркат,
Цхьамарзохиларал сов...

***

  «Цу  кхерчачу  ц1арочул  а

    хьаша  вохвеш, йовхо  луш,

    Ю вайнехан  комаьршалла,

    ду  вайнехан  оьзда  дош !»

Нохчийнзабарш

1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьастагшенстунцахойболчуваханахилла. Ламаз хан т1е макхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цухенахь ц1енкъа юккъетекх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а бешстуннанахилла.
- Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллунуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сиххахьала а г1аьттина, шендукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцоэлирабохустуннене:
- Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах цахилла.

2. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондарлокхучу Г1ачас ткъецхьаъ зуда ялийнахилла. Т1аьххьара шаткъе цхьаллаг1а зуда ялийчацоаьллашензудчуьнга:
- Со зуда атта д1айог1ийтуш вухьуна, ас аьлларгделахь. Вайгахьешийбаьхкича, со хьайгахьаьжча, царнаюург яла езийлахаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчоаьлла:
- Ас корта ластийча, ас лурйоцийлахаалахь.

3. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайнйишаловзаргахьхелхаюьйлушбехк а лаьцна, юьстахваьллалаьтташхиллацуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачукъонахчоаьлла:
- Иза-м д1аяла а цакхета. Евзийшуна и? - аьлла.
-Ирс я1 хьан, - аьллавежарехцхьамма, - и йовза-х цаевзийхьуна.

4. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьастагхиллабазарахьеттбохкавахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттинакхуьнга.
-XIapaетт дег1ана ма жима бухьан?
- Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьунаxlapa жима.
- Ой, шура мел локхо, шина-кхаа литре йолий?
- Йолу, ахьагурралцоьзча-м.
- Ткъа базара х1унда балийнаахьаxlapa?
- Вуо болу дела балийна-кх, - аьлла, жопделлаеттболчо.

5. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьананесошенмарвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллинахилла. Маццацкъатуьканаяханчохь, шенмарвешах тар а велла, цхьанастагана т1аьхьа хьаьддайоьдушхилла и зуда:
-Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, изакхинстагхилархкхетча:
- Вай дела, хьо-м къонахмавац, - аьлла.
Вукхохаьттина, вуоха а воьхна:
- Со къонахвоцийлахьуна муха хии?
Зудчожопделла:
- Юьхьдуьхьалхьаьжча, хиира-кх, - аьлла.

6. ДАКЪАЗАЛЛА
Майрахилласай-бодийкъасталебалхавахавезаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхинацо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла.
Шеннабархацаялалучузудчо, axl-yxl а дина:
- Эццахьайнаергкхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шенаяайовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахьаьлла, шенаергкхалла а кхаьллина, шенбалха д1авадана xlapa.
Сарахьмац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуобалхавоьдушяьржжийначохьлаьтташ пхьег1аш а, кхуоохьайиллиначохьлаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохьлаьтташяйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас шашега: "Нана яла хьодуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачузудчокхуьнгасхьамохьбаийтинадехьачохьйижинайолчу:
-Хьо х1ун дешвуцучохь, шабар-шибардеш, х1инца а ваханавалазавухьо? - аьлла.

7. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М...
Юьртахь жима стагкхелхинатезетхилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачухенахь, цуюьртарацхьастагваханахиллакхелхинчужимачу стеган нахе кадамбан. Царехуггаревоккхахвергкхайкхина ара а ваьккхина, цуьнгакадамбинахиллацо:
-Мукъавоцушвиснера со шунагучу ваза. Вайнницкъкхаьчнехьарашуна и бохамхуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шунвешин к1ант кхелхина, - аьлла.
Xlapaкадамбинаваьлча, кхелхинчужимчу стеган девашасаьллера:
-Вай, и кхинхьан дай-вашийвийна-м цалелара и кхелхича, хьуна хала цахета...

8. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Моллахилласуьлхьанашхьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гинакхунна. Цулт1аьхьа:
-Девисахьан, дависахьан, - бохуш, ша х1ун леладо а цахууш, суьлхьанашхьийзонволавеллаиза.

9. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ"
Шайхвушабохушлелашхиллацхьастаг.
-Делахькханахиндергдийцал, - аьлла, дехардинацуьнгацхьамма.
- Лама дуьйцурдуша. - аьлла, "шайх" вушабохучо.

10. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархинбаттахьмарханашкхобушабохуш, лелашхиллацхьастаг. Шензудчуннахьалхамоттарг1анаш а лелош, къайлахцигаьркаузушхиллацо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьанадийнахьшайнтакхорах к1ур оьхушгиназудчунна. Ц1е яьлламоьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхуннашенмайрагина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначузудчоаьлла:
-Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачоаьлла:
- Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapaмархинбутт бала-кхабелла.

11. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стагхиллацхьаццахабаршдуьйцушлаьтташ. Цхьаммааьлла:
- Борз санна т1ебог1уш мархибутт а бувайна...
Вукхоаьлла:
- Баг1ахь, дера бувайохьа а таь1на, т1ехбалийтур.

12. ВОН ЗАБАР
Цхьастагвеллааьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
-XIapaахьтховсаларванвеза, таханалатта т1ехьакха цамагадинавайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйсаюкъал т1ехъяьлла 1усман кхеродагахькошахьвергметтаххьеволавелла.
- Хьодакъаделахь, дакъасанна 1илла, дацахь аса дийрдухьох, - аьлла 1усмана.

1амийнарг   т1еч1аг1дар:

Стеган оьздамассо а х1ума хиладеза-ойла а,

духар а, г1иллакхаш а.

Жам1 дар:

- Дийцакхуурокехьвайнакерла х1ун хиъна?

- Дийцашайнахазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь банболх:

- дагахь 1амо байташ (г1иллакхех лаьцна),

- «Г1иллакх» ц1е йолустихотворенидагахь 1амо.

Шайнкхерч муха хила луур дара шуна?Гайта у т1ехь…

Дерзор:

 Нохчийн г1иллакх-оьздангалла,вастдалошаьлча,цхьалекха б1ов ю. Вайнкъоман х1ора а чкъуроцхьаццакхеригбуьллушйоьттина,лакхаяьккхина. Цундела х1ора нохчочундекхарду и б1ов 1алашъяр.иза кхин а лакхаяккхарехьдакъалацар. Нохчийн г1иллакх-оьздангаллин г1ала замано а йохоряц,нагахьвайх х1орамма а иза 1алашъяхь.шен леларца,вистхиларца.дечу г1уллакхца. Изалаьттарю,нохчийнкъам мел деха.»  



Предварительный просмотр:

         КИЦАНАШ

Дитт дохон лиъначо орам хадийна, пачхьалкх йохон лиъначо паччахь вийна.

Аьхкенан цхьана дийно 1аьнан кхо бутт кхобу.

Аьхка 1иллинарг 1ай идда.

Ж1аьло чу муц1ар 1оттарах, х1орд ца бехбелла.

Палс маббу хеца ког.

Сий дайна вехачул сийлахь валар тоьлу.

Лекхачу попана хьоькху мох ца эшна, дикачу адамна олу дош ца эшна.

Уггар хазачу йо1ана а, - цуьна-м ворта еха яра, - аьлла.

Ц1е яйа ц1ена хи ца оьшу.

Сихалло - са даьккхина, собаро - лам баьккхина.

Дукха лер - дети делахь а, ца лер - деши ду.

Туьр -тоьпан чов йоьрзуш ю, меттан чов йоьрзуш яц.

Шен хеннахь йина т1ийриг муьшан меха ю.

ХАЛКЪАНА 1ЕР-ДАХАРЕХЬ ЗЕДЕЛЛАРГ

1. БИИ КУОГ боллушиехьа говр а йолу гал. 

2. Бух боцу шелиг хих дузур дац. 

3. Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул. 

4. Валарах кхоьруш воцург лийр вац. 

5. Вираца лаьттина эса вирах 1аьхна. 

6. Воьдуш динарг хьесап дац, вог1уш динарг бен. 

7. Денна ца яхьа хе чалх. 

8. Д1аг1оьртинчу стеран белкорта** йоьйна, юхаг1оьртинчу стеран ма1а йойна. 

9. Кепах тера йолу кибарчиг. 

10. Керлачу норо нехаш ц1ена йоху. 

11. Куьпчичо т1ам шена луъучу буллу. 

12. Кхийринчу(н) нана йилхина яц. 

13. Къеначу барзо ши уьстаг1 баьхьна. 

14. К1елахь г1ура йоцуш, 1ам т1ехь ша бийр бац. 

15. Ла ца дуг1учунна дина хьехар хьакхина хьалха оьллина жовх1ар ду. 

16. Малх хьаьж-хьаьжначу х1у таса - х1у тес-тесначу 1индаг1 х1уттур ду хьуна. 

17. Маха лиелачухула тай а лиела. 

18. Нехин диег1ах боллун пхуо*** хионах боллуш санна хиета. 

19. Оза делахь а, жижиг тоьла. 

20. Пхьеруо морзух лелабуо, куьг ца дагуон. 

21. Саргах ца бина х1оз г1ожух хир бац. 

22. Т1ам бойна леча ламанца тарлуш дац. 

23. Хи долчохь бен хуьлуш дац дахар. 

24. Хийистехь вехачунна хин гечо девза. 

25. Хьера йиллале, к1арк1ар йиллина. 

26. Цамгар, йог1уш, не1арх йог1у, йоьдуш, механ 1уьргах йоьду. 

27. Цериг йоцуш буорз хир яц. 

28. Цкъа кагъелла меже нийса ца х1оттаелла. 

29. Ц1а дагахь а - ц1е тоьла, кха дагахь а - малх тоьла. 

30. Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма теша. 

31. Ч1еруо лоху хи чохь к1оргу меттиг. 

32. Шен хеннахь вижнарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканах кхиъна. 

33. 1уьйре ц1ийелча - кхоллар кечъе, суьйре ц1ийелча - кхаллар кечде. 
____________________________
*Х1окхуьнан а, кхин д1айолчу шифрийн а маь1на далийна, 
Билгалдаккхаран "Кицанаш" ц1е йолчу декъа т1ехь
**Динбухка.
***Пха.


ДАЙМОХК

1. Вина мохк мазал мерза бу. 

2. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо. 

3. Мехка доцчу иэро пхьагал ца лаьцна. 

4. Нехан махкахь эла хуьлучул, шен эвлахь лай хилар тоьлу. 

5. Ц1ийнах идда бежана берзан бага дахна. 

6. Ц1ийнах идда бежана не1арца дайна. 

7. Шен ненан сий лардечо - Даймехкан сий а лардийр ду. 

8. Шен ц1а - ц1ен ц1а. 


Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. 

2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. 

3. Воккхачо аьлларг дайна дац. 

4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. 

5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. 

6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. 

7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. 

8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина 

9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. 

10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. 

11. Стеган мах ша хадийнарг бу. 

12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. 

13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. 


ДЕШАР, ХЬЕКЪАЛ, КХЕТОШ-КХИОР

1. Дешар - серло, ца дешар - бода. 

2. Йоза доцу стаг шура йоцучу аттах тера ву. 

3. Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу. 

4. Кхоччуш хьекъал долчуьнан къамел доца хир ду. 

5. К1езахь 1еминарг, пхьарахь а ца дитина. 

6. Майра ву алий, кура а ма вала, хьекъал долуш ву алий, сонта а ма вала. 

7. Нахана юккъехь леларе терра бен хуьлуш дац хьекъал. 

8. Стеган хазалла ца лоруш, дикалла а, хьекъал а лара. 

9. Ткъа шарачохь ца хилла хьекъал цкъа а хир дац. 

10. Хьекъал долуш верг мила ву? - аьлла. - Нахе х1ума хоттург ву аьлла. 

11. Х1ума хаар - нахе ладог1ар. 


ДОЬЗАЛ, ГЕРГАРЧУ НЕХАН ЮКЪАМЕТТИГАШ

1. Ваша ваша ву, эшначу меттехь хьалха х1уттуш велахь. 

2. Ваша воцу йиша - 1индаг1. 

3. Вежарийн безам - т1улгал а ч1ог1а бу. 

4. Дений-нанний муьт1ахь боцу доьзал - гергара мостаг1. 

5. Дика доьзал кхиънарг нахалахь корта лекха хир ву. 

6. Доьзал дика - беркат дукха. 

7. Лела ца хиъна нускал, олла баьхьна яй санна, духадеъна. 

8. Марцхошца къийсина нус ц1ийнах яьлла. 

9. Несана хьекхийна цергаш к1антана яхна. 

10. Нуц валар - арахьара вон, нус ялар - чоьхьара вон.

11. Сунцхой а, ненахой а ца лоруш верг лай лерина. 

12. Чохь ца хилла сий - арахь а хир дац. 


НАНА

1. Дикачу ненан - дика йо1 хуьлу, хазачу ненан - коча йо1 хуьлу. 

2. Нанас йина чов лаза ца лозу. 

3 Ненан оьг1азло ло санна ю: дуккха а дог1а, амма сиха деша.

4. Ненан сий динарг махко а лерина. 


ЙО1

1. Г1иллакхех бен хуур дац йо1 дика муьлхарг ю. 

2. Махмаран духаро хазъеш яц йо1, мел хаза заза хиларх къаьсташ бу ба1. 

3. Нанас хестийна йо1 мехала ца яьлла. 

4. Хаза йо1 кхиъначу ден сий алсамдолу. 

5. Хаза йо1 тиша коч йоьхча а, товш хуьлу. 


ЗУДА

1. Бартана чехка зуда хьуьнарна сов хир аьлла. 

2. Дика зуда - бахам, вон зуда - бохам. 

3. Дика зуда ирс ду, вон зуда дов ду. 

4. Дикачу зудчун майра т1ехь беркъа хир вац. 

5. Зуда елхочо - бераш делхадо. 

6. Зудчо боьллинчу сардамо - йицйо тоьпан чов. 

7. К1антана зуда ялийна - ненан к1удална т1е к1удал кхетта. 

8. Тхов т1ера чувоьжнарг - лазавой вуьсу, зудчун даг т1ера воьжнарг - т1епаза вов. 


ДИН

1. Вуьзначу мута1еламах дала ларвойла. 

2. Гуттар ца лаьтта моллина мовлад.

3. Массо а стагана там бина дела а вер вац.

4. Меца волчу моллина бисмилла ца хеза. 

5. Моллас саг1а даьккхича, шайт1ано зурма лекхна. 

6. Моллас, ша лелош дерг ма леладе, леладе бохург леладе аьлла. 

7. Мурдана шайх веза, шайхана - шура еза.

8. Саьрамсекхан к1олла, хьаьжц1а баьхьча а, ца яйна. 

9. Хила яздинчунна моллин дан х1ума дац. 

10. Цхьа а стаг вац зингатан б1аьргаш, лаьхьан когаш, моллин саг1а гина. 

11. Чоме хьовсий вай аьлла гай даьтт1ачу моллас. 

12. Шена х1ума елча, жен-ж1аьла а кешнашка д1адолла магийна моллас. 

13. Шена х1ума елча, моллас ж1аьлина а даьккхина жайна. 

14. Шина саг1ийна т1аьхьаваьлла молла цхьа а доцуш висна. 


СТЕШХАЛЛА, МАЙРАЛЛА

1. Аьтто боцчохь юхавалар - стешхалла яц. 

2. Аьхка лаьхьа гинарг - 1ай карсах кхийрина. 

3. Б1аьрг стешха - куьг майра. 

4. Вуьзначул т1аьхьа 1ийнарг стешха лерина. 

5. Г1аз т1аьхьа хьаьдча, Бекха а ца воьхна. 

6. Котам а хилла вехачул, н1аьна а хилла, велча тоьла. 

7. Кхеравелча хиндерг, кхера ца велча а хир ду. 

8. Ла мел дийг1и, татанаш сов хеза. 

9. Ойла а ца еш, дош ма ала, аьллачул т1аьхьа, хьайн дашна т1ера а ма вала. 

10. Стаг тоьлла ву алий, хьайн бакъо ма йита. 

11. Стешхачу ж1аьло т1ехьашха катуху. 

12. Чохь майралла - арахь стешхалла. 

13. Ша буьйш, дехко а юхку цергаш. 

14. Шен кет1ахь н1аьна а хуьлу майра. 


ДИКАЛЛА, ВОЛЛА

1. Бедда боьдучу сена а аьлла. 

2. Б1аьргаш боцчунна нехан б1аьргара к1ай гина. 

3. Дика вахар - нах дика бовзар. 

4. Дика н1аьна - ялкхан т1ехь кхойкху, вон н1аьна - миччахьа а кхойкху. 

5. Дикачу лулахочул дика х1ума а дац, вочул вон х1ума а дац. 

6. Дикачу лулахочуьнан астаг1 йо1 маре яхна. 

7. Доттаг1алла хадо лиъча, нуьйран х1оа бехна. 

8. Къунна ша санна волу къу вевза. 

9. Къуьно бен хестор вац къу-стаг. 

10. Совг1атана беллачу динна бага ма хьежа. 

11. Уггар хазчу стагана а цуьнан ворта еха яра аьлла. 

12. Хьайга далург нахе де ма ала. 


ДОВ, Т1ОМ

1. Дов даьлча, дов ца деш верг стаг а вац, цул т1аьхьа ца товш верг а стаг вац. 

2. Дов - шар-худар дац.

3. Зулам лоьхург вонах ца ваьлла. 

4. Т1амо стаг вина вац, т1амо саг вийна. 


ДОГЦ1ЕНАЛЛА

1. Доггах билхинчу б1аьргех ц1ий даьлла. 


ЯХЬ

1. Яхье даьлла эппаза туьмане кхаьчна. 

2. Яхь йолчу дагахь - хьаг1 хир яц. 


1ОВДАЛАЛЛА

1. Бацалла лаьллина вир баь1ашка дахна. 

2. Хьо 1овдал вуйла хаийтина-кх ахь, - аьяла цхьаьнге. - Аса-м ца хаийтира, царна шайна хиир-кх, - жоп делла вукхо.

3. 1овдалниг хье мел вин а 1овдалволу. 


ДОТТАГ1АЛЛА

1. Ваша ваша вац и хьан доттаг1а вацахь. 

2. Генара доттаг1а - йоьг1на г1ала. 

3. Генара хиларх, тешаме доттаг1, б1ов санна ч1ог1а ву. 

4. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. 

5. Дикачу к1антана доттаг1ий ца эшна. 

6. Доттаг1а коьрте хьожу, мостаг1 когашка хьожу. 

7. Доттаг1а шираниг тоьлу, керт - керланиг тоьлу. 

8. Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал. 

9. Сакхт доцуш доттаг1 лаца хьо г1ертахь, и воцуш вуьсур ву хьо. 

10. Эзир доттаг1а верг ваьлла, эзир сту-етт берг велла. 


МАЛО

1. Беже ма т1аьхьа воьду хьо аьлча, д1а т1аьхьа водахь а, ц1а хьалхе вог1ур ву ша аьлла. 

2. Ж1аьло 1аьн т1ехь ч1аг1о йо бах, б1аьсте ма-еллинехь шена бун йийр ю ша олий, ткъа б1аьста, юха а 1а т1екхаччалц ворданна к1ел дуьжий 1уьллу. 

3. Малонах мазал ца хилла. 

4. Халонах кхийринарг, диканах кхетта вац. 

5. Х1уманна мало ечо юьхь а парг1ат юьлу. 


ЭРНА ЛЕР

1. Багахь дина х1оаш кхерзина дац. 

2. Боца муш а тоьлу десачу къамелал. 

3. Дукха лер - дети делахь а, ца лер - деши ду. 

4. Дукха лер - хьекъал ца тоар ду. 

5. Дог 1ахар долчуо т1уо багахь боккху. 

6. Ира мотт - совг1ат, беха мотт - та1зар. 

7. К1езиг дечо дукха дуьйцу. 

8. Малар а доьттина дийриг - эрна къамел ду, меллачул т1аьхьа дийриг - дехна къамел ду. 

9. Хабарал худар тоьла. 

10. Хабар дукха дийцинчо болх к1езиг бина. 

11. Хьайга дог1ург аьлла 1ийча, пахана цкъа а к1ордор вац хьо. 

12. Церг - деши ду, мотт - бала бу. 

13. Яьсса х1ума ч1ог1а ека. 


СОНТАЛЛА

1. Виро "вир" аьлча, вир аьхка дахана. 

2. Къахеташ ца лург дозаллина ло. 

3. Ма г1ерта бердан йисте, ва вир! Сан коча йог1ур ю хьо, - аьлла старо. 

4. Нехан юьртана наь1алт бохург - шен юьртах ваьлларг ву. 

5. Сихалла - сонталла, собар - кхетам. 

6. Сонтачу стага шен хьал хилча, - ши сте ялайо, хьекъал долчо - ц1а лакхадоккху. 

7. Сонтачу стеган хьекъал вист ца хилар ду. 

8. Т1ех аркъал ситтинарг букъ бойна висна. 


БАРТ

1. Барт болу ши стаг барт боцучу юьртал а тоьла. 

2. Барт болчохь - беркат, барт боцчохь - зулам. 

3. Барт болчу цицигаша барт боцу берзалой эшийна. 

4. Барт боцучу доьзалехь беркат хир дац. 

5. Барт ийг1ина доьзал - ка йоцу т1ом. 


ХЬОШАЛЛА

1. Вуочу х1усамнанас, шина б1аьргана юккъе шад а бой, т1еоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху. 

2. Къени вахна - къа дисна, хьаша вахна - иэхь дисна. 

3. Ма хатта мила ву, вуза а вай, д1авижаве. 

4. Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча, - дика кхаба, оьздачунна - ерг елча а, кхачам хир бу. 

5. Сакъерделча, - хьаша парг1атволу, сагатделча, - хьаша сихло. 

6. Хан яьлча вог1у хьаша - ахь лорург ву, шен хеннахь вог1ург хьо лорург ву. 

7. Хьаша веъча, д1а-схьа ма хьежа, шуьча хьажа. 

8. Хьаша веъча х1усамден пхьор тоделла. 

9. Хьаша ца везачу х1усамненан бераш доьлхуш хуьлу. 

10. Хьаша ца везарг далла а ца веза. 

11. Хьаша ца везнарг нахана а ца везна. 

12. Хьаша ца вог1у ц1а кошах тера ду.

13. Хьаша ца вог1учу ц1а чу беркат ца дог1у. 

14. Хьаша ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина. 

15. Хьешана дуьхьал нуй хьекхар - хьаша ца эшаран билгало ю. 

16. Хьешана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза. 

17. Хьеший оьхучу новкъахь буц ер яц. 

18. Хьо меца 1ай а, хьаша вузаве.


КЪИНХЬЕГАМ

1. Аьхка мало - 1ай хало. 

2. Аьхкенан дийно 1аьнан бутт кхобу. 

3. Болх бар цхьа къинхьегам, цабар - ши къинхьегам. 

4. Дехарал - беже х1оттар сийлахь ду. 

5. Д1адийнарг - т1едалаза дуьсур дан. 

6. Ирхе ца яьккхича, пурхе ца кхаьчча. 

7. Къа ца хьегча, хи чуьра ч1ара а ца баьккхина. 

8. К1айчу куьгишна наха къахьегнарг диеза. 

9. Массо а х1уманал мерзаниг - хьанал къинхьегам. 

10. Нехан х1умане са ма тийса, хьайн куьйгашка къахьегийта. 

11. Охуш эллериг - оруш карайна. 

12. Стеран ма1а т1ехь 1ийначу мозано баьхна: гота аьхна бог1у ша.

13. Хала дара алий, х1уманна б1о а ма къажабе, атта дара алий, тассий а ма дита. 

14. Хьалххе г1аьттинчу 1уьнан жий шала бехкина. 

15. 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна. 


ХЬАЛ

1. Ахчано стигала боьду некъ лехна. 

2. Ахчано 1ай Башлам т1ехь паста караяйтина. 

3. Безам буьйцу - безам болчо, бахам буьйцу - са къен долчо. 

4. Безамо 1ехийнарг - дог-к1еда хуьлу, бахамо 1ехийнарг - дог-1аьржа хуьлу. 

5. Дукха дерстина вир бердах дахана. 

6. Карахь долчун хама барца кхуьу даьхни. 

7. Къаьркъано вахийнарг - вастало, хьоло вахийнарг - ца вастало. 

8. Т1ех юьзна вир хьерайолу, говр - хьокханна т1ейоьду, стаг - эккха. 


СОБАР

1. Дин хецна битинарг - лома кхаьчна, лаьллина ваханарг - 1инчу кхаьчна. 

2 Кхихкича, т1ех ей а бог1у. 

3. Сатоьхначу салтичух эпсар хилла. 

4. Сихалла а йохкий, собар эца. 

5. Сихалла - сонтала, собар - кхетам 

6. Сихалло - са даьккхина, собаро - лам баьккхина. 

7. Собар - толаман меттимотт. 

8. Стеган дикалла собарх хиъна, говран дикалла боларх хиъна. 


ТЕШНАБЕХК, ХЬАРАМЛО, АЬШПАШ

1. Аьшпийн к1уьрехь б1аьргаш ца 1ийжабо.

2. Ворх1 шо даьлча а карабо аьшпаш шен баьрчехь. 

3. Нахана хьекхийна цергаш шех яхна. 

4. Нехан куй айхьа баьккхичи, хьайн куй чета болла. 

5. Тахана харц дерг ахьа дийцахь, кхана хьох тешар бац. 

6. Тешнабехк бинчух боьду. 

7. Хьарам диъначуо къаьхьа 1еттина. 

8. Цамоьттург хуьлу моттарг1анаш лелош волчунна. 


ДОШ

1. Аьлча дохковер волу дош, ма ала. 

2. Вон дош къорачунна а хеза. 

3. Ворх1 во1 волчу ден пхьоьханахь дош лела. 

4. Даггара аьлла дош дагах летта. 

5. Дика дош саг1а лерина, вон дош къа лерина. 

6. Къонаха ваханчара дош дахьа, къиг яханчара эхь дахьа. 

7. Мел бехачу новкъа а, цкъа тоьхча, тоьа дикачу динна шед, мел йоккхачу майданахь а, цкъа аьлча, тоьа хьекъале дош. 

8. Стеган дагара матто схьадуьйцу. 

9. Тоьпо цхьаь бен ца вийна, матто эзар вийна. 

10. "Хаац" - цхьа дош, "гира", "дайра" - эзар дош. 

11. Хазчу дашо лам башийна. 

12. Хазчу дашо лам дашо бина. 

13. Хазчу дашо 1уьргара лаьхьа баьккхина. 

14. Хьан дош - дош дацахь, дуй - дуй бац. 

15. Хьалха хьажий бен ког а ма баккха, т1ехьа хьажий бен дош а ма ала.

16. Х1ор дешан а шен меттиг ю. 

17. Шен метта ца аьлла дош хезна дац. 

18. Шина балдех арадаллалц хьан лай ду дош, арадели - хьо цуьнан лай ву.


СУТАРАЛЛА

1. Бен сту белча, батта пах ца белла. 

2. Дукха дезаро к1езиг дезийтина. 

3. Латта кхача а дина, баларна кхийрина н1аьна. 

4. Хи дехахь - меца вац, ца дехахь - марха ду аьлла сутарчу х1усамнанас. 

5. Хиларо велийнарг - дацаро велхийна. 

6. Шина саг1е хьаьдда молла цхьа а доцуш висна.


СТОГАЛЛА

1. Дагна там т1ех безнарг стогаллах воьхна. 

2. Къелле ма хьажа, стеган стогалле хьажа. 

3. Малар мала ахча лоьхучул - ца мала стогалла лаха. 


ОСАЛАЛЛА

1. Букурвоьлла стаг кашуо нисвиер. 

2. Вохвелча, воьлучо, шелвелча,-садуу. 

3. Да левинчо - нана а юхку. 

4. Дог-1аьржа стаг хуьлу питане, ца кхеташ верг - эладитане. 

5. Къаьркъане марзвелларг баханах воьхна. 

6. Лаьхьанна ца хаьа шен д1аьвшо х1ун до, зударшна - шайн маттодийриг хаьа. 

7. Нехан воне ца хьийзинарг, шен вонехь ша висна. 

8. Ца лозу корта ма бехка. 


ДИН (ГОВР)

1. Алаша хастае, дина хаа. 

2. Говран дикалла боларх хиъна, стеган дикалла собарх хиъна. 

3. Дика дин а боьду цкъа гор. 

4. Дика дин - боьршачу стеган т1ам. 

5. Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед. 

6. Дин некъаца бевза, к1ант аренца вевза. 

7. Сагатделлачу къонахчун дог дино хьаьстина. 


1АЛАМ

1. Буьйса бодане мел хили, седарчий сирла хуьлу. 

2. Б1аьстенан мохо к1урз бахьа, гуьйренан мохо к1ир бахьа. 

3. Гурахь цхьана 1айг дог1анах варда хатт хуьлу, аьхка варда дог1анах 1айг хатт хуьлу. 

4. Даима эхарх, хи кхачалур дац. 

5. Коьртера дуьйна хьаьа хи. 

6. Литтана т1е маккхал хиъча, гуьйре йоларан билгало ю. 

7. Ло доцуш 1а а хир дац, йовхо йоцуш аьхке а хир яц. 

8. Хи гуттара цхьана хорша ца лела.



Предварительный просмотр:

Нохчалла. Обычаи, обряды и традиции чеченцев.

Автор: Хаджиева А.М. | Печать | E-mail | Просмотров: 162

 

Цель: ознакомить учащихся с понятием «нохчалла», а также с обычаями и традициями чеченского народа.

УЧИТЕЛЬ:

- У чеченского народа есть слово «нохчалла», что в примерном переводе на русский означает «быть чеченкой,чеченцем» или «чеченственность». Понятие "нохчалла" - это все особенности чеченского характера в одном слове. Это слово включает в себя свод правил этики, обычаев, традиций, принятых в чеченском обществе и является своеобразным кодексом чести. Истоки чеченского кодекса чести - в древней истории народа.

                                                НОХЧАЛЛА

Толхадова Милана

В далекие времена, в суровых условиях гор гость, не принятый в дом, мог замерзнуть, стать жертвой разбойников или дикого зверя. Закон предков - пригласить в дом, согреть, накормить и предложить ночлег гостю - строго соблюдается. Гостеприимство - это нохчалла. Дороги в горах Чечни узкие, часто змеятся вдоль обрывов. Поскандалив можно сорваться в пропасть. Быть уступчивым - это нохчалла. Тяжелые условия горной жизни сделали необходимой взаимопомощь и взаимовыручку, которые часть нохчалла.

Нохчалла - это умение строить свои отношения с людьми, ни в коей мере не демонстрируя своего превосходства, даже будучи в привилегированном положении. Напротив, в такой ситуации следует быть особо учтивым и приветливым, чтобы не задеть ничье самолюбие. Так, сидящий верхом на лошади должен первым поздороваться с пешим. Если же пешеход старше всадника, всадник обязательно должен сойти с коня.

Нохчалла - это дружба на всю жизнь, в дни печали и в дни радости. Дружба для горца - понятие святое. Невнимательность или неучтивость по отношению к брату простится, но по отношению к другу - никогда!

Джамалдинова Петимат

Нохчалла - это особое почитание женщины. Подчеркивая уважение к своим родственникам, мужчина сходит с коня прямо при въезде в село, где они живут. Вот притча о горце, который однажды попросился на ночлег в дом на окраине села, не зная, что хозяйка была дома одна. Она не могла отказать гостю, накормила, уложила его спать. Наутро гость понял, что в доме нет хозяина, а женщина сидела всю ночь в передней у зажженного фонаря. Умываясь второпях, он случайно задел руку хозяйки мизинцем. Уходя из дома, гость кинжалом отрубил этот палец. Так беречь честь женщины может только мужчина, воспитанный в духе нохчалла.

Нохчалла - это неприятие любого принуждения. Чеченец издревле с мальчишеских лет воспитывался защитником, воином. Самый древний вид чеченского приветствия, сохранившийся и ныне, - "Приходи свободным!" Внутреннее ощущение свободы, готовность отстоять ее - это нохчалла.

При этом нохчалла обязывает чеченца проявлять уважение к любому человеку. Причем уважение тем большее, чем дальше человек по родству, вере или происхождению. В народе говорят: обида, которую ты нанес мусульманину, может быть прощена, ибо возможна встреча в Судный день. Не прощается обида, причиненная человеку иной веры, ибо такой встречи не будет никогда.

Ночхалла - это то, чему следует чеченец добровольно. В этом понятии - формула того, каким должен быть настоящий чеченец.

Стихотворение «Ма ала г1иллакх ду вуон» рассказывает Джамалдинова Петимат.

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлуш дац ледара, вуон

Я ша д1а, шеца сха мел гайтарх, хьанна

Мичахь и, я маца карийна к1уон?

Олуш ду: «Г1иллакхца атта ду ваха,

Цунах д1атиллачун мах бац ши шай»,

Халонехь шаьш хиларх, вай массо ваха,

Г1иллакхах ца бухуш белла вайн дай.

Ша делахь, ду г1иллакх, йист йоцуш шорта,

Доцчунна «вуон», «к1езиг» - къастам ца тов.

Осал ву д1аалий, харцийта ворда –

Г1иллакх ца девзачо, муьлхха эхь лов.

Цуьнца бен хьан лерам, пусар ца хилча,

«Вуон» дашца хуьттуш и, муха дайдер,

Сий ма дац бехлуш ша, я ц1анлуш, дилча…

Г1иллакхах а ма де вай, х1ай нах, буобер!

Доьналла, стогалла, яьхь, юьхь а санна,

Г1иллакх а хуьлуш дац ледара, вуон.

Я ша д1а, шеца схьа мел гайтарх, хьанна

Мичахь и я маца карийна к1уон?

Взаимопомощь, взаимовыручка

УЧИТЕЛЬ:

При встрече каждый чеченец первым делом спросит: "Как дома? Все ли живы, здоровы?" При расставании считается правилом хорошего тона спросить: "Нужна ли моя помощь?"

Мини-сценку показывают Зубайраев Хамзат и Ганатов Набир.                                                                        

Шабазова Хеда

Приветствие молодого человека старшему по возрасту обязательно включает предложение помощи. В чеченских селах принято, если пожилой человек начинает какую-то работу по хозяйству, по-соседски принять в этом участие. И зачастую начатое дело закачивают именно добровольные помощники.

Традиция взаимной поддержки выработала в народе отзывчивость на чужое несчастье. Если в доме горе, то все соседи открывают настежь ворота, показывая тем самым, что горе соседа - его горе.

Если в селе кто-то умирает, все односельчане придут в этот дом выразить соболезнование, оказать моральную поддержку, а если надо - и материальную помощь. Похоронные хлопоты у чеченцев полностью берут на себя родственники и односельчане.

Человек, какое-то время отсутствовавший в селе, по приезде получает полную информацию о произошедших без него событиях, в том числе и о несчастьях. И первым делом по приезде он идет выражать соболезнования.

"Лучше сосед поблизости, чем родственники вдали", "Чем жить без любви людской, лучше умереть", "Единство народа -несокрушимая крепость", гласит чеченская мудрость.

Гостеприимство

УЧИТЕЛЬ:

- Чеченцы говорят: "Куда не приходит гость, туда не приходит и благодать", "Гость в доме -радость"... Множество поговорок, легенд, притч посвящено у чеченцев святому долгу гостеприимства.

Дадаева Марха

Для приема гостей в каждом доме имеется "комната гостя", она всегда наготове - чистая, со свежей постелью. Никто ею не пользуется, даже детям запрещается играть или заниматься в этой комнате. Хозяин должен быть всегда готов накормить гостя, поэтому в любые времена в чеченской семье специально откладывали на этот случай продукты.

Первые три дня у гостя не положено ни о чем спрашивать. Гость живет в доме на правах почетного члена семьи. В старину в знак особого уважения дочь или невестка хозяина помогали гостю снимать обувь, верхнюю одежду. Сердечно-щедрый прием оказывают хозяева гостю за столом.

Одно из основных правил чеченского гостеприимства - защита жизни, чести и имущества гостя, даже если это связано с риском для жизни.

Гость не должен предлагать платы за прием, но он может сделать подарки детям.

Обычаю гостеприимства чеченцы следовали всегда. И проявляли его к любому доброму человеку, независимо от его национальной принадлежности.


                                       Мужской этикет

УЧИТЕЛЬ:

Основные нормы поведения чеченского мужчины отражает понятие "нохчалла" . Но для отдельных бытовых ситуаций также существуют сложившиеся веками традиции и обычаи.

Махаева Зара

Сдержанность - основная характеристика чеченского мужчины практически во всем, что касается его домашних дел. По обычаю, мужчина не будет даже улыбаться жене при посторонних, не возьмет при посторонних ребенка на руки. Он очень скупо отзывается о достоинствах жены, детей. При этом должен строго следить, чтобы на жену не пали никакие мужские дела и обязанности - "Курица, начавшая петь по-петушиному, лопнула".

Чеченец как на особо тяжкое оскорбление реагирует на нецензурную брань, особенно если в ругательстве фигурирует женщина.  

Махаева Хава                                                                                                                                                                   В понятие мужской красоты чеченцев входят высокий рост, широкие плечи и грудь, тонкая талия, худощавость, быстрая походка. "По походке узнаешь, каков он", - говорят в народе. Особенную, знаковую нагрузку несут усы - "Если ты не ведешь себя как мужчина, не носи усов!" Для тех, кто носит усы, к этой строгой формуле прилагаются три запрета: не плакать от горя, не смеяться от радости, не убегать ни при какой угрозе. Вот так усы регламентируют поведение чеченского мужчины!

И еще одно. Рассказывают, что идущего сдаваться в плен предводителя восставших горцев Шамиля несколько раз окликнул его верный сподвижник. Но Шамиль не обернулся. Когда потом его спросили, почему он не обернулся, он ответил, что его застрелили бы. "Чеченцы не стреляют в спину", - пояснил Шамиль.

Отношение к женщине

УЧИТЕЛЬ:

- У чеченцев женщина-мать имеет особый общественный статус. Мужчина только хозяин дома, а она издревле является хозяйкой огня, а самое страшное чеченское проклятие - "чтобы погасло в твоем очаге пламя".

Бахмадова Макка

Только женщина может остановить поединок мужчин на почве кровной мести. Если там, где льется кровь, появляется женщина, смертельная схватка может прекратиться. Женщина может остановить вражду, сняв с головы платок и бросив его между сражающимися. Стоит кровному врагу прикоснуться к подолу любой женщины, как оружие, направленное на него, уберут в ножны: теперь он под ее защитой. Дотронувшись губами до груди женщины, любой ребёнок автоматически становится ее сыном. Чтобы прекратить ссору, женщина давала своим детям вынести зеркало к рубящимся - это действовало как запрет на междоусобицу.

Саиева Петимат

По традиции, мужчина, оберегая женщину, всегда идет впереди нее. У этого обычая древние корни: в старину на узкой горной тропе могли быть очень опасные встречи - с грабителем, диким зверем... Мужчина шел впереди своей женщины, и был готов в любую минуту защитить ее.

Женщин чеченцы приветствуют только стоя. Если мимо проходит пожилая женщина, долг любого человека встать и поздороваться первым.

Позором считается неуважение к матери и ее родственникам. Для зятя почитание родственников жены считается добродетелью, за которую бог без суда может отправить в рай.

Свод обычаев и традиций.

1.         Девушка не должна встречаться с парнем наедине. Свидание парня с девушкой может происходить только в присутствии родственников.

2.         Девушка у чеченцев неприкосновенна, что нашло отражение даже в национальном танце, в котором партнеры никогда не соприкасаются. То есть, нельзя дотрагиваться до девушки никому из посторонних.

3.         Муж и жена не должны разговаривать при родственниках.

4.         Нельзя сидеть в присутствии старших.

5.         Всегда необходимо вставать, приветствуя друг друга, или если заходит старший.

6.         Сноха раньше всех должна вставать в доме и позже всех ложиться.

7.         Сын, приходящий с работы, в первую очередь идет к родителям и справляется об их делах, здоровье .

8.         Категорически нельзя пересекать дорогу перед идущим стариком или старухой. Надо остановиться и пропустить.

9.         Женщины не должны кушать в присутствии мужчин.

10.       Мужчина должен идти впереди женщины, как бы расчищая ей дорогу.

11.       Жених никогда не присутствует на своей свадьбе.

12.       Женившийся парень не должен несколько дней попадаться на глаза своим родителям.

13.       Девушка, вышедшая замуж, не должна показываться мужской части своих близких родственников до тех пор, пока отец, брат сами ее не позовут или сами не зайдут в то помещение, в котором она находится.

14.       Нельзя слишком бурно выражать эмоции, то есть громко смеяться, визжать, восхищаться красотой противоположного пола в присутствии друг друга.

15.       В общественном транспорте мужчина должен уступать сидячее место любому лицу женского пола ВНЕ ЗАВИСИМОСТИ от возраста. Даже старики уступают свое место юным девушкам, чтоб никто каким-то образом ее не коснулся.

16.       Отец не должен при дочери ходить в майке без рукавов, брат не должен - при сестре, матери, отце.

17.       Девушкам нельзя громко разговаривать.

18.       Девушкам, придя в гости, ни в коем случае нельзя сидеть. Необходимо оказать первую помощь на кухне, т.е.помыть посуду, накрыть на стол.

19.       При свидании с парнем ни в коем случае, нельзя смотреть ему в глаза. Необходимо смотреть в сторону (не по сторонам), либо опустить взгляд. Нельзя много разговаривать.

Учитель:

    

- А теперь послушаем чеченский юмор.

                                                 Нохчийн забарш

1. ЧОЬХЬАРА НАХ
Цхьа стаг шен стунцахой болчу вахана хилла. Ламаз хан т1е ма кхаьччинехь, маьнги т1е ламаз дан х1оьттина иза. Цу хенахь ц1енкъа юккъе текх а диллина, бод хьакхош, юучу х1умана г1айг1а беш стуннана хилла.
- Оллох1у акбар, - аьлла, охьатаь1аш воллу нуц, пенах д1а а кхетта, гал а ваьлла, ц1енкъарчу текха чу кхетта.
Т1аккха сихха хьала а г1аьттина, шен дукха юьхь1аьржа х1оьттиначу невцо элира боху стуннене:
- Дика ду-кха х1оккхехь хийра нах ца хилла.

2. АМАЛ
Йоккхачу Атаг1ара пондар локхучу Г1ачас ткъе цхьаъ зуда ялийна хилла. Т1аьххьара ша ткъе цхьаллаг1а зуда ялийча цо аьлла шен зудчуьнга:
- Со зуда атта д1айог1ийтуш ву хьуна, ас аьлларг делахь. Вайга хьеший баьхкича, со хьайга хьаьжча, царна юург яла езийла хаалахь.
Дикка ла а доьг1на, зудчо аьлла:
- Ас корта ластийча, ас лур йоцийла хаалахь.

3. ИРС Я1 ХЬАН!
Шайн йиша ловзаргахь хелхаюьйлуш бехк а лаьцна, юьстах ваьлла лаьтташ хилла цуьнан ши ваша.
Цхьа хан яьлча, т1евеанчу жимачу къонахчо аьлла:
- Иза-м д1аяла а ца кхета. Евзий шуна и? - аьлла.
- Ирс я1 хьан, - аьлла вежарех цхьамма, - и йовза-х ца евзий хьуна.

4. ДОГЦ1ЕНАЛЛА
Цхьа стаг хилла базарахь етт бохка вахана. Цхьаммо т1евеана, хаьттина кхуьнга.
- XIapa етт дег1ана ма жима бу хьан?
- Дег1ана белахь а, ханна-м бац хьуна xlapa жима.
- Ой, шура мел ло кхо, шина-кхаа литре йолий?
- Йолу, ахьа гурралц оьзча-м.
- Ткъа базара х1унда балийна ахьа xlapa?
- Вуо болу дела балийна-кх, - аьлла, жоп делла етт болчо.

5. ЮЬХЬ1АЬРЖО
Цхьана несо шен марвешина "Къонах" аьлла ц1е тиллина хилла. Мацца цкъа туькана яханчохь, шен марвешах тар а велла, цхьана стагана т1аьхьа хьаьдда йоьдуш хилла и зуда:
- Ва, Къонах, - бохуш, мохь а бетташ.
Цунна т1аьхьакхиъча, иза кхин стаг хиларх кхетча:
- Вай дела, хьо-м къонах ма вац, - аьлла.
Вукхо хаьттина, вуоха а воьхна:
- Со къонах воцийла хьуна муха хии?
Зудчо жоп делла:
- Юьхьдуьхьал хьаьжча, хиира-кх, - аьлла.

6. ДАКЪАЗАЛЛА
Майра хилла сай-бодий къастале балха ваха везаш. Хьала а г1аьттина, шен зуда меттахъяьккхина цо.
- Ас х1ума т1е юххушехь, суна чай дохдехьа. - аьлла.
Шен набарха ца ялалучу зудчо, axl-yxl а дина:
- Эцца хьайна ерг кхалла а кхаллий, д1аг1охьа, - аьлла.
Т1аккха, сарахь ц1а вог1уш мукъана а шена яа йовха х1ума хилийталахь, мачаш ц1ан а елахь аьлла, шена ерг кхалла а кхаьллина, шен балха д1авадана xlapa.
Сарахь мац а велла, г1ел а велла, ц1а вог1уш волу ц1ийнада, не1 схьа а йиллина, чу ваьлла.
Кхуо балха воьдуш яьржжийначохь лаьтташ пхьег1аш а, кхуо охьайиллиначохь лаьтташ ши мача а хилла. Пеша т1ехь т1ек1ел кхийссинчохь лаьтташ яйнаш а хилла. Чухула д1айсхьай а хьаьжна, дог доьжначу ц1ийнадас ша шега: "Нана яла хьо дуьненан", - аьлла, г1аравала а ца х1уттуш, лохха "г1ам-г1им" дина, и тосаделлачу зудчо кхуьнга схьа мохь баийтина дехьа чохь йижина йолчу:
- Хьо х1ун деш ву цу чохь, шабар-шибар деш, х1инца а вахана валаза ву хьо? - аьлла.

7. ХАЛА ХЕТТЕХЬ-М...
Юьртахь жима стаг кхелхина тезет хилла. И тезет д1айирзина цхьа хан яьллачу хенахь, цу юьртара цхьа стаг вахана хилла кхелхинчу жимачу стеган нахе кадам бан. Царех уггаре воккхах верг кхайкхина ара а ваьккхина, цуьнга кадам бина хилла цо:
- Мукъа воцуш виснера со шуна гучу ваза. Вайн ницкъ кхаьчнехьара шуна и бохам хуьлуьйтур а бацара, ч1ог1а хала а хийти и шун вешин к1ант кхелхина, - аьлла.
Xlapa кадам бина ваьлча, кхелхинчу жимчу стеган девашас аьллера:
- Вай, и кхин хьан дай-ваший вийна-м ца лелара и кхелхича, хьуна хала ца хета...

8. МОЛЛИН CATИЙСАМ
Молла хилла суьлхьанаш хьийзош, багахь "лаилах1-иллалах1" бохуш, шабар-шибар а деш, коре а хиъна, 1аш. Т1ехйолуш цхьа хаза йо1 гина кхунна. Цул т1аьхьа:
- Девиса хьан, дависа хьан, - бохуш, ша х1ун леладо а ца хууш, суьлхьанаш хьийзон волавелла иза.

9. ХИЛЛАРГ ХОВШ ВОЛУ "ШАЙХ"
Шайх ву ша бохуш лелаш хилла цхьа стаг.
- Делахь кхана хиндерг дийцал, - аьлла, дехардина цуьнга цхьамма.
- Лама дуьйцур ду ша. - аьлла, "шайх" ву ша бохучо.

10. ХАН ЙОЦУШ БЕАНА МАРХИН БУТТ
Мархин баттахь марханаш кхобу ша бохуш, лелаш хилла цхьа стаг. Шен зудчунна хьалха моттарг1анаш а лелош, къайлах цигаьрка узуш хилла цо, шайн к1ет1арчу г1одмийн такхорах а вулий.
Цхьана дийнахь шайн такхорах к1ур оьхуш гина зудчунна. Ц1е яьлла моьттуш, хьаьдда т1еяханчу кхунна шен майра гина, такхорах а воьлла, к1ур беш. Йоьхначу зудчо аьлла:
- Вай, елла яла со!
Т1аккха майрачо аьлла:
- Ма яла хьо-м елла, хан йоцуш т1ебеана xlapa мархин бутт бала-кха белла.

11. МАРХИН БУТТ
Цхьа ши стаг хилла цхьацца хабарш дуьйцуш лаьтташ. Цхьамма аьлла:
- Борз санна т1ебог1уш мархи бутт а бу вайна...
Вукхо аьлла:
- Баг1ахь, дера бу вай охьа а таь1на, т1ехбалийтур.

12. ВОН ЗАБАР
Цхьа стаг велла аьлла, кеп х1оттийна, цунна каш а даьккхина, марчо а хьарчинна, коша а виллина, накъосташа 1усмане аьлла.
- XIapa ахь тховса ларван веза, тахана латта т1ехьакха ца магадина вайна.
1усман резахилла
Каш лардеш 1усман 1аш буьйса юкъал т1ехъяьлла 1усман кхеро дагахь кошахь верг меттах хьеволавелла.
- Хьо дакъа делахь, дакъа санна 1илла, дацахь аса дийр ду хьох, - аьлла 1усмана.

ИТОГ КЛАССНОГО ЧАСА

- Ребята, что вы сегодня узнали нового?

- Что вам понравилось? (Ответы учащихся)

В конце классного часа учащиеся 7 а класса угощают гостей, присутствующих на классном часе, традиционным национальным блюдом «Ч1епалгаш»



Предварительный просмотр:

Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. 

2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. 

3. Воккхачо аьлларг дайна дац. 

4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. 

5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. 

6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. 

7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. 

8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина 

9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. 

10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. 

11. Стеган мах ша хадийнарг бу. 

12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. 

13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду.

Г1ИЛЛАКХЕ АЛАРШ.

Керлачу ц1а чу ваьлчуьнга олу: Х1усамаш Дала беркате йойла, чохь ийман, беркат мА эшадойла, ирсе, г1оза дахар хуьлда!
Шен ц1ийнехь г1уллакх дечуьнга олу: Ирс долуш хуьлда !
Белхех болчаьрга олу: Болх меле хуьлда !
Мах бина базарара воьдучуьнга олу: Даькхинчух Дала беркат дойла!
Кхелхина веачуьнга олу: Дала беркате йойла хьуна х1ара меттиг !
Цхьа бохам хиллачуьнга олу: Эзар балех хьалхаволийла! Дала диканца меттах1отта дойла хилла зен!
Дов-т1ом юкъадеанчохь олу: Дала диканца д1адерзадойла! Дала мас- ла1ат дойла!
Диплом схьаэцначуьнга олу: Дала беркате дойла хьан диплом!
Ц1ена бедар юьйхина хилча я эцча олу: Г1оза лелайойла !
Чувоьллина стаг волчаьрга олу: Дала рицкъанаш ц1а дерзадойла цуьнан!
Керла машен эцначуьнга олу: Г1оза лелайойла машен! Дала вочух лар- веш, диканца хоьхкийла!
Зуда ялийна меттиг хилча олу: Дала беркате т1аьхье йойла !
Йо1 маре яхча олу: Дала декъал йойла! Т1аьхье беркате йойла!
К1ант вича олу: Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла! Ворх1 вешин ваша хуьлда!
Йо1 йича олу: Дала дукха яхайойла ! Ворх1 вешин йиша хуьлда!
Хьешо д1авоьдуш олу: Марша 1ойла, йиънарг-мелларг Дала къобал саг1а йойла! Беркат шортта лаьттийла!
Х1усадас д1авоьдучу хьеше олу : Марша г1ойла! Дела реза хуьлда! Некъ дика хуьлда!
Х1ума юуш 1ачуьнга олу: Г1оза юург хуьлда!
Х1ума юуш 1ачо олу дуьхьал : Дела реза хуьлда! Соьца яа.
Шена некъ битча олу: Баркалла! Дела реза хуьлда! Дала сий дойла!
Нехан чуволуш олу : Дика мел дерш кху чу!
Чуьрчара жоп ло : Диканца дукха вехийла (йехийла ) хьо а, марша вог1ийла (йог1ийла) !
Стаг ( зуда) велча (йелча) олу: Дала гечдойла цунна! Дала декъал войла (йойла) иза! Дала иманца собар лойла шуна а, цуьнан дакъа мел кхаьч- начунна а ! 
Бер делча олу : Дала эхартана пайде войла (йойла) иза ! Дала иманца собар лойла шуна а!
Х1ума яа охьахиъча олу: Бисмиллах1иррохьманиррохьийм! Везандела маьрша яийталахь, могаш лелийталахь.
Йиъна ваьлча олу: Алхьамдулиллах1 .Дела, хьуна хастам бу!
Дечиг доккхуш волчуьнга олу: Г1оза дагориг хуьлда!
Марханаш достучу дийнахь олу: Марханаш къобал дойла.Лайна хало Дала мелан язъйойла, кхаба а, даста а Дала могаш-маьрша леладойла!
Ахча делча (йуг1лург я декхар) олу: Буха дисанчух Дала беркат дойла!
Юьйш я асар деш волчуьнга олу: Хьекъийла хьан !
Мангал хьокхуш волчуьнга олу: Маьлхе хуьлда хьан!

1. Да а нана а ларар.
2. Собаре хилар.
3. Хьалаг1аттар.
4. Хьаша а воккханиг а ларар.
5. Кегийрчара баккхийчера г1уллакх дар. 
6. Зудчуьнна сий дар. ( сий дар - почитание)
7. Шуьнехь оьзда хилар. (шуьнехь - за столом, во время еды)
8. Шел воккхачунна мараоьккхуш, шен куьг цуьнан куьгал лаха- даккхар.
9. Вистхуьлуш пурба даккхар. ( пурба - разрешение)
10. Воккханиг а, хьаша а баьрче хаъвар. (баьрче - почётное место)
11. Кегий нах тезетахь д1ахоьттина латтар, оьшучу г1уллакхе хьожуш

Г1ИЛЛАКХ, ОЬЗДАНГАЛЛА

1. Болх бечу кхаьчча, - болх бе, юучу кхаьчча - яа. (НХК-14)

2. Воккхах волчунна хьо жимах вацахь, жимохчунна воккхах а хир вац хьо. (ХД-12)

3. Воккхачо аьлларг дайна дац. (АДШ-33)

4. Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла. (ХД-12)

5. Воккхачо аьлларг цадинарг бердах вахна. (НХК-36)

6. Г1иллакх дезаш волчунна и генахь дац аьлла. (АДШ-1232)

7. Деца къамел ма де, нана юккъе лелае. (АДШ-39)

8. Дикачу г1иллакхо лех эла вина, вочу амало элах лай вина (ХД-20)

9. Къиг т1ееъча, къиг а г1отту хьала. (НХК-28)

10. Оьздачу стага шен ц1ахь а, хьошалг1ахь волуш санна юу х1ума. (АДШ-30)

11. Стеган мах ша хадийнарг бу. (ЧФ-II, 183)

12. Шена во диначунна дика динарг, шен мостаг1чуьнан ч1ир эцнарг ву. (АДШ-1229)

13. Юххерчуьнга мала а ца олуш хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а - ший а ж1аьла ду. (АДШ-34)

Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай. 
Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра,

гучувала ша аьлла, Мамакаев Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. 
Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка

 xIycaмexь тIex йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. 
Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат

хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; 
ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла

 схьавеънера. Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура Абузара, 
мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла. 
Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу

 стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ цахадор» боху кхетам а бу ша-тайпана. 
Генара схьавогlучу стагана хьалхахула тlехваларх, некъ «хедаш» я цунна

новкъарло хуьлуш xlyмa дац иза. 
Xleттe а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар

 ду иза. Хаза гIиллакх а ду. 
Ша-тайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоlстага а, къоначу зудчо а.

 Нагахь хи тIepa йогlу йоl воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, 
шен кlудал охьа а хlоттайой, бyкъ а берзабой, дlaxlyттyш хилла иза,

 и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогlуш зуда хилча, 
и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дlaxIуттуш хилла,

воккхачу стагах бехк лоций…… 

Dodam

Sunday, December 19, 2010 - 5:53 PM

…Иштта, и гlиллакх дуьйцуш, вайн къоман иэсехь дисина цхьа дийцар ду.

Говрахь вогlучу Исмайлин Дудина шен бераца дуьхьал йогlу цхьа жима зуда, 
и бер охьа а диллина, букъ а берзийна, дlахIоьттина. Говрара воьссина Дуда,

 оцу берaна тle а веъна, иза к1ант вуйла а хиъна, 
цунна юххе cовг1атнa шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина,

«Дала беркате доьзалхо войла кхунах, Дала дукха вахавойла хlapa», - аьлла,

дlавахна. 
Tlaккxa и гlиллакх хIоттийна стаг мила ву а хиъна, оцу жимчу к1ентан дас

Исмайлин Дудина cовг1атнa дин бигийтина.