Хандош
презентация к уроку (4 класс)

1алашонаш.

1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;

кхиоран: хандош къамелан дакъа хилар  хаийтар, хандешан маь1на, грамматически билгалонаш  йовзийтар, царех пайдаэца  1амор;

кхетам - кхиоран: дешаре болу безам алсамбаккхар.

 

 

Скачать:

ВложениеРазмер
Файл Хандош2.92 МБ

Предварительный просмотр:


Подписи к слайдам:

Слайд 1

Хьехарсахьтан ц1е: Хандош .

Слайд 2

1алашонаш. 1аморан: дешархойн хаарш зер , 1амийнарг карладаккхар ; кхиоран : хандош къамелан дакъа хилар хаийтар , хандешан маь1на , грамматически билгалонаш йовзийтар , царех пайдаэца 1амор ; кхетам - кхиоран : дешаре болу безам алсамбаккхар .

Слайд 3

Билгалбаьхна кхиамаш : берашна девзар ду хандешнаш , церан маь1на , хаттарш . Берашна хуур ду предложенехь хандешнаш каро , царна хаттарш х1итто . Берашна 1емар ду хандешнаша лело г1уллакх билгалдаккха . Берашна 1емар ду оьшу хандешнаш т1ейаздарца предложенеш йуза , хандешнаш предложенешкара схьайаздан . Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург каро , цунах пайдаэца .

Слайд 4

Догдаийтаран мур . Х1етал – металш : 1. Сийначу бошхепа чухула бедда боьду дашо 1аж? 2. Ша йоза хууш бац, амма массо хена йаздо ? 3. Хьекъална йуккъехь йерг х1ун йу ?

Слайд 5

Нийса дуй талла . Х1етал – металш : Стигал , бутт . Къолам . Къ – элп .

Слайд 6

Ц1ера болх таллар . Белхан тептар № 67, шардар № 218 , аг1о 112.

Слайд 7

1алашо йовзийтар . Дешаре шовкъ кхоллар . - Муьлха хаттар ду вай тахана 1амо билгалдаьккхинарг ? Тахана вайна девзар ду … Вайна 1емар ду … Хуур ду предложенехь хандош … - Бераш , вай тахана 1амо долор ду керла къамелан дакъа Хандош . Вайна 1емар йу хандешан билгалонаш . Хуур ду учебникаца болх бан , кхечу къамелан дакъойх хандош схьакъасто .

Слайд 8

Керла тема хьехар . Хандашах кхетам балар . Туьйра . - Дехаш хилла хандешнаш . Царна ч1ог1а хазахеташ хилла ц1ердешнаша деш дерг дуьйцуш . Амма цаьрга и дийцийта ахьа хаттарш дала деза цаьрга . И хаттарш ду х1ун до? х1ун дина ? х1ун дийр ду ? - Муьлха ц1ердешнаш девза шуна ? Цара х1ун до? - Машено х1ун до? - хохку . Седарчаша х1ун до? – лепа . Ч1еро х1ун до?- х и бухахь лела . - Х1ун до? Хаттарна жоп луш долу дешнаш д1айазде. Цара х1ун билгалйо ? (Дар ) - Уьш хандешнаш ду . Хьан эр дара стенах олу хандош ?

Слайд 9

У т1ехь болх . Бераша школехь доьшу . Аса сайн нене кехат йаздина . Со а вог1ур ву шуьца цирке. 1ай бераш лайн межаргех ловзу . Амруддис машен чехка хаьхкира . Хандешнашна к1ел сиз хьакха .

Слайд 10

1амийнарг т1еч1аг1дар. Предложенехь хандешнаш карор . Барта кхочушдо шардар № 221. - Д1айеша хьалхара предложени . Караде хандош . - Стенах лаьцна дуьйцу преложенехь ? (Б1аьстенах ) - Хандашо х1ун гойту ? (Дар ) - Б1аьстено х1ун до? (Йог1у ) Кеп : 1 . Хаа предложенехь хьанах йа стенах лаьцна дуьйцу . - Масала « Тхо кхана г1ала г1ур ду » - предложенехь хьанах лаьцна дуьйцу ? ( Т хох ) Цунна т1ера д1а хаттар ло : оха х1ун дийр ду ? ( Г 1ур ду ) Г1ур ду дашо дар йа хилар гойту , х1ун дийр ду ? Бохучу хаттарна жоп ло , иза хандош ду .

Слайд 11

Бакъо т1ехь болх бар. Х1уманан дар йа хилар гойтучу къамелан декъах х андош олу . Цо жоп ло : х1ун дан? х 1ун хила? х1ун до? х 1ун дина? х1ун дийр ду ? бохучу хаттаршна . Масала : деша , дешна , доьшу , доьшур ду . Хандош хенашца хийцало . Цуьнан коьрта кхо хан йу : карара хан, йог1у хан, йахана хан.

Слайд 12

Сада1аран минот . Чекхдаккха кицанаш : Коьртехь хьекъал ца хилча ,… К1айчу куьйгашна наха…

Слайд 13

Нийса дуй талла . Кицанаш : Коьртехь хьекъал ца хилча , когаша къа хьоьгу . К1айчу куьйгашна наха къахьегнарг деза .

Слайд 14

Керла тема кхин д1а а хьехар . Тобанашкахь болх . К хочушдо шардар № 222. 2. Дешархоша шаьш болх бо . Барта кхочушдо шардар № 223.

Слайд 15

Жам1 дар. - Стенах олу хандош ? Цара муьлхачу хаттаршна жоп ло ?

Слайд 16

Рефлекси . - Х1ун кхиамаш бехи аша ? Подлежащих лаьцна дуьйцу Коьрта меже ма йу со. Х1ун до? дина? Йа дийр ду ? Хаттаршна ас жоьпаш ло … СКАЗУЕМИ Сказуемино сайх лаьцна дуьйцу Мила ? х1ун? Йа хьанна ? Стенна ? Хаттаршна со жоп луш ду . Хьан ? Йа стен? Йа хьаьнга ? Стенга ? Боху хаттарш а диц ца ло … ПОДЛЕЖАЩИ - Сказуемин муьлха билгалонаш йалийна стих т1ехь? Подлежащин муьлха билгалонаш йалийна стих т1ехь?

Слайд 17

Ц1ахь бан болх балар . Кхочушде шардар № 225.

Слайд 18

Рефлекси йар . Суна хиира … Суна хазахийтира … Со ца кхийти ….

Слайд 19

Баркалла хуьлда шуна , сан хьоме бераш !!!


По теме: методические разработки, презентации и конспекты

Хандош 4 класс

1алашо: берашна  хандешнех лаьцна  кхетам  балар.Хандешан   маь1на  ,  хаттарш  довзийтар. Къамелехь хандашо  х1ун  г1уллакх до хаийтар.Билгалбаьхна...